Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"МоттаргIанийн система". Муха кхуллу Къилбаседа Кавказехь наркотикашца доьзна бехкаш

Дагестанерчу Хасу-Юьртан яхархочо Курашова Юлдуза наркотикаш йохкар толлучу бекхтакхаман гIуллакхехь  гучудаьлла полисхой лаьттинчу Сайпулаев Рамазана а, Алиев Шемала а доцург кхоллар. Зудчун адвокат тешна ву, бIеннашна, эзарнашна санна, наркотикаш деккъа дIа кIелакхийсина бохучух.

Инарла прокуратурин официалерчу статистико бахарехь, 2021 шеран исс баттахь Къилбаседа Кавказан федералан гонехь 8 эзар гергга наркотикашца доьзна зулам гучудаьлла. Лидерашлахь бу Ставропол-мохк (2573 зулам, пачхьалкхехь 16-гIа меттиг), Дагестан  (2156 зулам, 19-гIа меттиг). Лахара ду и тайпа терахьаш Кхарачой-Чергазийчохь (261 зулам, пачхьалкхерчу 84 регионашлахь 74-гIа меттиг), Нохчийчохь (342 зулам, 76-гIа меттиг), ГIалгIайчохь (230 зулам, 80-гIа меттиг). Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъонашларъярхошна а, адвокаташна а хетарехь, оцу зуламах дукхахдерш а ду полисхоша наханна шаьш-шайггара цхьацца бахьанашца тIекхийллина.

Имамашна тIера криминалан авторитешна тIекхаччалц

Наркотикашца боьзна бехкаш, бух бацахь а, шайна тIехьарчо тарлучех бу хьалха нароктикаш лелорна набахти текханарш. Царна тIехь атта ду "статистика ян", дуьйцу ХIинжа-ГIаларчу адвоката Магомедов Шемала. Цо дагалоьцу ша цкъа гIодеш хилла стаг: набахтера араваьлла кIира доллушехь, керла бехк тIебаьхьна цунна – хьалха цуьнца цхьаьна наркотикаш лелийначо ша волчу кхайкхина иза, ткъа дIакхаьчча бухахь хIара ларвеш Iаш хилла полици.

"Оьрсийчоьнан "нийсояран" система йоьлла некъ бу наркотикаш, герз, патармаш бухакхийсар. Цундела оцу хьоле нисвала тарло наркотикаш лелориг а, цкъа а цалелийнарг а – хуьлда иза юкъараллера жигархо, оппозиционер, шен бахам кхечунна безабелла бизнесхо, Iедална, ницкъхошна новкъа верг милла а", – элира Магомедовс Кавказ.Реалиица шен къамел деш.

"Наркотикаш низам а дохош эцар, Iалашъяр, дIасаяхьар, яр" олучу Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 228-гIа артикл дуьхьалъял тарло ур-атталла бусалба динан Iедалчина а, моллина а, имамна а, уьш мел наркотикаш шайна хьарам йина бехаш хиларх а.

Масала, 3,5 шо хан туьйхира наркотикаш лелорна Кисловодскечу маьждиган имамна Байчоров Курман-Iелина. Харц ахча хьош воьду аьлла, Мирный юьртахь некъан полицино сацийнера цуьнан машен, ткъа цунах хьовсуш "карийна" лелон мегаш йоцу коьчал юкъахьарчийна ларч. Ша Кисловодскехь, тIехь мимра а йолуш маьждиг дан гIертарна дина шена дуьхьал зулам, ша и маьждиг, Iедалхой а, гIалин прокуратура а резайоццушехь, дина волуш воллура, шеца наркотикаш хилла яц, бехира Байчоровс талламхошка а, кхеле а. Оьрсийчуьра умма вуно оьгIазъяхийтира оцу бехктакхаман гIуллакхо, иза кIелхьарваккха гIиртира дуккха а бевзаш болу Iеламнах.

2017 шарахь низам а дохош герз а, наркотикаш а лелорна бехкевира ХIинжа-ГIаларчу официалехь салафийан долчу "Тангъим" маждиган векал Магомедов Мохьмад. Хьалхо цо бусалба наханна тIетIаткъамаш бечу Iедалхошна шен резавацар дIакхайкхийна хиллера, амма баьхнера, ницкъхошца иккхина муьлхха а конфликт машарца ерзош хила еза.

Карайо наркотикаш наггахь криминалан авторитеташкахь а – уьш набахте хьийсо кхин бахьана ца карош хилча. Масала, "низамехь волу къу" Абдулхаликова Зиявудин (Зява Махачкалинский) Каспийскерчу кхело 2015 шарахь бехкевира наркотикаш лелорна – официалан версица, 2,7 грамма героин яьккхинера цуьнгара. Кхело 1,5 хан туьйхира цунна, артикло 3-10 шо кхачош елахь а. Изоляторехь техкна хан чу а лоруш, кхелан цIа чуьра дIавахийтира хан тоьхнарг.

ТIаьхьо адвоката Мудунов Константина оу хьокъехь иштта дIахьедира: наркотикаш Абдулхаликовна бухакхийсина, цундела прокуратуро юха а ца таллийтира оццул кIезиг хан кхайкхор, кхел резахилира хьолаца, бехк тIехкоьллина хиларна.

Кхелаша тидамза дуьту гIалаташ. Амма даима а ца дуьту

"Талламчаша кхуллу оцу артиклца догIу гIуллакхаш – тIебаьхьна бехк шеко а йоцуш тIехь буьсуш хиларна. Ас бакъоларъярхошца цхьаьна болх бок ест-кеста, со а нисвала тарло иштачу бехка кIел, ойла йо ас: соьга хIун далур дара иштаниг нисделча? Уггаре хьалхарниг – бозуш боцу тешаш кхайкхийта беза даьллачух тоьшалла дан, мегар дац полисхоша балийна тешаш аьттехьа бита. Кхеташ ду, кхело тIеоьцуш ду церан тоьшаллаш а, и нах бевзаш а, полицехь болх беш болуш санна белахь а, цара муьлхха а кехат тIечIагIдийр дуйла куьйгаш яздина, хуъушехь. ЛартIахь долчу хьелашкахь и тайпа тоьшаллаш чекхдевр дацара. Бозуш боцу тешаш балабайта беза иштачу хьоле хьо нисвелча", – боху адвоката Магомедов Шемала.

Кхин цхьа хьехам а бу цуьнан – аьттехьа а мегар дац хьайн йоцчу зуламе хIума юкъахьарчийначу уьйригах, ларчах куьг Iотта, уьш чутаIийна хила тарлучу хьайн кисана ма дилла куьг. Ларча тIера ДНК-лар таллийта, цIий таллийта, наркотик юйла зейта.

"Кхеташ ду, цо гаранти ца ло гIуллкх дIакъовлийта. Делахь а цхьа-ши процент хилла а, минимуме дуьгу дендолу зен", – боху адвоката.

Ставрополерчу адвоката Зубенко Виталийс дийцира Кавказ.Реалиига, ша болх бечу хена чохь 228-гIа артикл масситазза яьккхина хааделла шена "системехь боцчу, Iедална ца безачу наханна" дуьхьал, аьлла. Шатайпа масал а далийра цо: полицино шеца "болх бан" тIедожийна хилла цхьанна, иза реза ца хилча – наркотикаш бухакхийсина.

"Таханлерчу Оьрсийчоьнан режиман коьрта кхайкхам бу нрокоманица тIом латтор – цундела и санна долу девнаш кхелехь, процессан шога гIалаташна ши бIаьрг а къовлий, тоьшаллаш аьшпех даьхна доллушехь, хенаш етта. Вукху агIор, могIарчу бахархошца стереотипаш а еха, "цIе йоцуш кIур а хир бац", "Iедал харц дац", олу наха. Цу тIе, цхьаберш Iиттабелла хуьлу наркотикаш тоьхначара дечу зуламашна дуьхьал, кхоьру шайн бераша, берийн бераша уьш лелорна – халкъ кийча ду ницкъхошкахь карт-бланш латтийта", – боху Зубенкос.

Кавказ.Реалиин эксперта дийцарехь, ерриг Оьрсийчохьчул башхалла йолуш дац оцу артиклца Iедалхоша харцонаш лелор, "цхьа школа ю массанхьа а, цхьа Iаманташ ю". Иштачу девнашкахь адвокатна дусург ду ма-хуьллу нийсонехьа къийсавалар. Зеделлачо гойту, наггахь аьтто болу кассацехь толам баккха, гIулакх Лакхарчу кхеле хьаладига, хан лахара тохийта.

Набахтеш юьзна ю "халкъан" шех олучу 228-чу артиклан 1-2 дакъошца чубоьхкинчу нахах, царех ах сов бу бехк а боцуш хенаш йиттина, чIагIдо Къилбаседа ХIирийчуьрчу адвоката Бедоева Инарас.

"Зеделлачо гайтарца, наркотикашка марзвеллачунна хьанна а хаьа ша лелочунна дуьхьал набахтехь такха луш йолу хан йоккха юйла, цундела ца лела иза машнахь шеца наркотикаш а йолуш, арахула а ц алела иза кисана юьллий, цо кара ма-еъана дIатуху шех наркотик, дIаюьлий ца лела. Шайца цхьа йоккха ларч а йолуш и саннарш лоьцуш, цара иза бухакхоьссина хуьлу я цхьа провокаци хуьлу", – аьлла хета Бедоевана.

Юриста дагалоьцу ша тешерг: цхьамма 9 шо текхна набахтехь. Цо дийцарехь, наркотик буха а кхоьссина. Набахтера мукъаваьлча, административан тергонна кIел лаьтташ хилла иза, полисхошна хууш хилла волу-воьду меттиг а, хан а.

"Цкъа лаьцна цара иза, наркотик бухакхоьссина. Кхоьссина цхьа маьттаза, цхьа а эхь а ца хеташ. Юьхьанца и гIуллакх лелош сан накъост вара, цунна тIеIаткъамаш бан болийча, со а декъаяхара. Кхелахочо юьхь-дуьххьал хоьттура: хьуна хаьий, иза хIун бахьаница набахтехь Iийна, хьо цунна гIодеш ю? Стага зулам динехь, иза набахти текхна велахь, цунна юридикан гIо кхачо бакъо яц-кха?! Иза даиманенна а бехке ву-кх?! Гучудевлира гIуллакх тIекхоьллина хилар гойту факташ, прокурор кхийтира, адвокат соцур йоцийла, юхабаьккхира тIебаьхна бехк", – дагалоьцу Бедоевас.

Цо билгалдоккху, цкъа наркотикаш бахьанехь чувоьллина стаг даима а кхерамна кIел вуьсуш хилар, цунна муьлххачу а хенахь Iедалхоша и зуламе коьчал бухакхосса тарлуш хилар,

"Чохьваьллинарг цхьа а агIо йоцуш вуьсу, кхта ша кIира, бутт я ахшо даьлча юха а лоцур вуйла, наркотик шена бухакхуссур юйла хаьа цунна", – боху адвоката.

Кагйина амал

Бедоева Инарас масал далош дийцира ша дIахьош хиллачу цхьана гIуллакхах лаьцна.

"Халахета наркотикаш лелошберш, лелийна болу  нах къовсамна кийча ца хилча, шайна наркотик бухакхоьссина йоллушехь, къарло. Ас юридикан гIоьнна кIел эцна вара цхьа наркотикашка марзвелла стаг, цомгуш, гIаж лелош вара иза. Цунна хан максимум тухур юйла а хууш, полисхоша наркотик бухакхоьссинера. Суна а, цунна тIеIаткъам бора гIуллакх толлучу хенахь – жима ю респблика, массарна а бевза вовшийн", – кхидIа дуьйцу адвоката.

Цо барт бина хилла ша гIодечуьнца, толаме кхаччалц я дерриг а дерззалц къийса. Шина шарахь дIабаьхьна таллам, кхелехь билгалдьлла тешашкара даьхна дареш харц хилар.

"Дерриг а доьрзуш, цо чIогIа цец а йоккхуш, кхелехь хаьла а гIоттий, бехк шена тIеоьцу цо. ТIаьхьо боху соьга: со кIадвелла сайна туьйсучу кхерамех, кин гIора дац, бехк ма билла суна! Дуккха а беттанашкахь бина болх иштта байъира цо. Я кхин масал: дуккха а берийн нана – цунна бухатийсина наркотикаш, цо ша бахарехь. Къовсам дIаболий охашимма. Цхьа ха яьлча телефон етта соьг талламчас: хьо кхин шен адвокат хуьлийла ца лаьа оцу зудчунна. Цхьа шой,ахшой долу цул тIаьхьа,юх а телефон етта оцу зудчо: рогIехь наркотикаш бухакхийсина шена. ГIодар доьху, кIордийна шена, боху, полисхойн карахь, цаьрга бехкаш тIекхуллуьйту хIума а хилла яха".

Дийцина оцу зудчо, ша полицин оперативан белхахоша наркотикаца доьзна лоьцучу наханна дуьхьал тоьшаллаш дан кхойкхура кест-кеста, аьлла. Кхел а шек ца йолу тоьшалла дийраш шаьш а дуккхаза а наркотикаш бахьанехь набахтеш текхна на нах хиларх, иштачара муьлхха а тоьшалла до, муьлххачу а кехатна буха куьг яздо, кхело ши бIаьрг дIакъовлу оцу харцонна, шайн балха лелаш санна лела и тайпа тешаш полицина дареш дан.

"Коьрта проблема ю чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин системехь белхан эвсаралла гойтуш леларг "жамI" хилар ду. "Беттан жамI" оьшу оперативан белхахчунна, лакхарчу куьйгалхочунна дIагайта деза и "жамI" хIора хьаькамна а, цундела иза кхуллуш ду, наркотикаш буха а тосий. И "жамI" ситемера дIадаьккхича, лахлур дара бехкбоцуш чубухкучийн терахьаш, яссалур яра набахтеш, … амма оперна "жамI" оьшу", – боху Бедоевас халахетарца.

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелерчу белхан статистикан департаментан терахьаша бахарехь, 2020 шарахь нароктикашца доьзна хенаш йиттина 70 142 вахархочунна, кхиазхой бу царех 1334, зударий бу 6589. Оьрсийчу наркотикаш мигранташа йIохьу, олу цхьаболчу хьаькамаша. Амма статистико гайтарца, Оьрсийчуьра нах бу чубоьхкинчех 68 эзар сов.

Президента Путин Владимира дакъа а лоцуш, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело дIаьяьхьначу кхеташонехь оцу хьукматан куьйгалхочо Лебедев Вячеслава билгалдаьккхира: 27% лахделла наркотикашца доьзна хенаш еттар тIаьххьарчу пхеа шера чохь. Амма хенаш йиттинчех 61% нах бац 35 шо долуш а.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Сменить «Автодор» на автозак: громкий приговор по делу о коррупции при строительстве ЦКАД

Путин: Россия ведет борьбу с империалистической политикой США

Ученые создали акустический экран для эффективного снижения шума от электростанций

Магнитная буря 19 июня 2024 года: появилась новые данные, свежий прогноз на среду

Музыкальные новости

В Бурчтии в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

В аэропорту Пулково задержали девять рейсов и отменили еще два

В Лужниках состоялась церемония открытия Всероссийской Спартакиады Специальной Олимпиады

Муфтий Гайнутдин пожелал Путину помощи Аллаха для побед

Новости России

Даши Намдаков представил новую коллекцию скульптур — непривычных, из дерева

Назад в крепостное право: пикет на Красной площади прокомментировал Сергей Майоров

Срок конкурсного производства «Дяди Дёнера» продлен на полгода

"Свеча памяти" зажжется вместе с театром Бестужева

Экология в России и мире

Smena SS-2024

Три спектакля о любви, которые можно посмотреть этим летом

Сказка театра Ульгэр в Бурятии «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир волшебства - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети:

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Спорт в России и мире

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Россиянка Людмила Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосе

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

Moscow.media

Чемпионат и Первенство Москвы и Московской области по автокроссу

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510

Башенный комплекс "Ний" (Ингушетия)

Белые ночи Беломорья....







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *