Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Baza: футболистана Канчельскисна кхерам тесна Кадыровн юххерчу "авторитета"

Baza: футболистана Канчельскисна кхерам тесна Кадыровн юххерчу

Оьрсийчоьнан мехкан тобанан а, ингалсан ""Манчестер Юнайтед" кулабан а хиллачу футболистана Канчельскис Андрейна ницкъ бийр бу аьлла кхерам тесна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан юххерачу криминалан авторитетан Дукузов Казбекан цIарах, хаам бо "Эхо Кавказа" сайта, Baza телеграм-каналана тIе а тевжаш. Оцу зорбан гIирсо балабо Канчельскиса Москварчу полице бинчу латкъаман цхьаболу чулацам.

Лахьан-беттан 22-хь экс-футболист хIумакхоллуш хилла кафехь. Цу чуеъна 4 стагах лаьтта тоба. Царах цхьамма, Канчельскисна улле охьа а хиъна, хаьттина, Узбекистанехь тренер болх бина-м вац хьо аьлла.

Шина шарахь Узбекистанерчу Наманган гIаларчу "Новбахор" футболан тобан тренер хиллачу Канчельскис иза тIечIагIдеж жоп делла. Канчельскис цигара дIавахнера шена 1,6 миллион доллар барамехь догIуш долу алапа схьацаделча, дов а даьлла (Канчельскиса лехам чубеллера дуьненаюкъарчу футболан ассоциаце (FIFA), оцу гIуллакхехь толам баьккхира цо. - Ред. билг.).

Цул тIаьхьа вевзаш воцчу оцу стага реза хила аьлла хилла Канчельскисга, 80 эзар доллар схьа а эцна, и гIуллакх дIадерзо, ца хилахь ша заьIапхо вийр ву аьлла, хиллачу футболистана а, тренерна а кхерам а тосуш.

Оцу стага иштта, "телефон тоха хIокхуьнга" аьлла, кехатан цуьрг кховдийна Канчельскисе, тIе язйина телефонан номер а йолуш, "Казбек Дукузов" аьлла цIе а йолуш.

Канчельскиса телефон ца тоьхна, амма цхьа хан яьлча, цуьнга телефон тоьхна цхьана стага, ша Дукузов ву аьлла. Цхьаьнакхетийта, бохуш хилла телефон тоьхнарг, тIакхха Канчельскис полици вахна.

"Новбахор" футболан клубан векалша дIахьедина шаьш оцу хиллачуьнан декъа дац аьлла клубо, Канчельскисна 1,6 млн доллар дIало аьлла FIFA-н сацамна шаьш Лозаннерчу спортан арбитражан суьде официалан латкъам бина хилар а хоуьйтуш.

Шен агIор Канчельскис Андрейс тIечIагIдина ша полице кехат яздина хилар, и информаци зорбан гIирсашка кхачарна ша цецваьлла хилар а хоуьйтуш. "Кхеташ дац муха болх беш ю вайн органаш. Тамашийна вовшахтохаралла ю иза", - дIахьедина хиллачу футболиста Sports.ru сайтана ша еллачу интервьюхь.

Канчельскис Андрей  Европехь уггар бевзаш болчу Оьрсийчуьрчу футболитстех цхьаъ ву. СССР йоьхначул тIаьхьа (оцу хенахь Канчельскис ловзуш вара Донецкерчу "Шахтерехь". -Ред.билг.) футболист дIавахара Британе. Цигахь "Манчестер Юнайтед" клубехь иза левзира еъа сезонехь, тобанехь лидерех цхьаъ вара иза, шозза ингалсан Премьер-Лигехь толам а баьккхира цо шен накъосташца цхьана. ТIаьхьо Канчельскис левзира ингалсан "Эвертонехь" а, Италерчу "Фиорентинехь" а, шотладин "Рейнджерсехь" а. Шен Европерчу клубашкарчу карьерехь цо дакъалаьцна 300 сов матчехь, 80 сов буьрка кевнашна чу а тухуш. 2004-чу шарахь ловзархо цIавирзира Оьрсийчу.

Криминалан авторитета Дукузов Казбека, Туркойчоьнан къоман талламехь болчу хаамашца, вовшахтоьхна лаххара а 4 стаг вер, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лппонет вер. Масийтта стаг вен а гIоьртина иза Истанбулехь. 2004-чу шарахь Дукузов бехке веш вара Москвахь Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор Хлебников Пол вер хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхехула. Талламо ларара и зулам динарг ву Дукузов, амма бехккъасторхойн кхело бехках хьалхавитира иза, цул тIаьхьа Дукузов дIавахара Оьрсийчуьра. ТIаьхьо Лаккхарчу кхело юхабаьккхира иза цIанвеш бина кхелан сацам, иза лохуш хилар кхайкхийра Iедалша. 2015-чу шарахь зорбан гIирсаш хаам бира, Дукузов кхечу фамилица лечкъина ву Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь, ткъа 2016-чу шарахь аьхка иза Нохчийчу цIавахна аьлла.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Жителям Подмосковья рассказали о переработке вторичного сырья

Синоптик Вильфанд пообещал москвичам комфортную погоду без осадков на выходных

ФНС Москвы подала иск в суд против блогера Гасанова за долги в 144,8 млн рублей

ZDF: Между Шольцем и Бербок возник конфликт из-за России

Музыкальные новости

Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНЯТЬ!

Сергей Собянин. Неделя мэра

МО Финляндии: страна направит РФ ноту о подозрении в нарушении воздушных границ

Путин рассказал, как уговаривал одного из братьев Тихоновых покинуть зону СВО

Новости России

Выставка-посвящение «Первая дама советской скульптуры»

ZDF: Бербок недовольна позицией Германии по новым санкциям против России

Жителям Подмосковья рассказали о переработке вторичного сырья

ZDF: Между Шольцем и Бербок возник конфликт из-за России

Экология в России и мире

Лучшие образы на лето, от которых захватит дух

Прямые рейсы в Таиланд неожиданно снимают: стали известны подробности и альтернативы

Proenza Schouler Pre-Fall 2024

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Спорт в России и мире

Дзюба заявил, что был бы теннисистом уровня Сафина

Рафаэль Надаль пропустит Уимблдон ради подготовки к Олимпиаде

Карен Хачанов проиграл Вукичу во втором круге турнира ATP-250 в Хертогенбосхе

Сафиуллин не смог пробиться во второй круг турнира ATP в Штутгарте

Moscow.media

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510

Всегда на связи: проводная гарнитура Fstyler FH150U от A4Tech

Во Владивостоке злоумышленники украли из сейфа 30,5 млн рублей

Портативный ТСД корпоративного класса Saotron RT-T70







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *