Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2021

Новости за 03.12.2021

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчоьнан йозаллин" Iадаташ. Хьан лур ду Кавказехь зударий байъарна жоп?

Зударий байъарна кхелаша дехначу жоьпан хьокъехь деношкахь ши хаам баьржира прессехь. ХIинжа-ГIалхь полисхо лаьттинчу Велагаев ТIахIира, мелла а волуш, къиза йийна шен зуда, дакъа дIалачкъийна. Ткъа ГIалгIайчуьрчу Могушков Мохьмад-Бешара шен йишина Евлоева Лизина урс хьаькхна, иза маьттаза лелаш яьккхина видео социалан машанехула яьржича. Хийланиг цецвоккхуш дайн таIзар дина шинна а – шина шарахь цIахь-чохь хан такхар. Буса хIусамехь хила декхаре бу уьш, магош дац алссам адам гуллучохь хила, кест-кеста... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Блогеран Хасбикан Instagram дIакъевлина зудчунна кхерам тасарна

Хасбик цIарца вевза Дагестанерчу блогеран Магомадов Хасбуллан инстаграмера агIо дIакъевлира зударшка цабезам гайтарна а, зудчунна кхерам тасарна а. Цхьаьна декъана цо зударий «къемата ирча хIуманаш» ю аьлла яздинера

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин блогеро дийцарехь, Интерпол реза цахилла иза лехаме вала

Интерпол реза цахилла оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо лехаме вала. Цунна дуьхьал Оьрсийчохь долийна ду бехктакхаман гIуллакх, "гуш-хезаш терроризме кхайкхар" артиклехула. Интерполера официалан жоп кхачарх лаьцна Абдурахмановс хаам бина шен YouTube-каналехь. "Интерполе жоп дехар кхачарца, царна гира, Интерполехула хьалха а Оьрсийчоь лаха гIиртина кIант иза хиларх, цо латкъам а бина толамца дIадерзийра и гIуллакх. Ткъа цара сацам бинера соьга хатта, сан хIун ойла ю цунах лаьцна аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Курдистанера мухIажир сэндвичаш еш ахча гулдеш ву Британе дехьавала

Европехь керлачу дахаре сатуьйсучу цхьаболчу мухIажирашна ахча даккха Iемина шаьш санна баланехь болчу нахана тIехь. Церах цхьаъ ву Даван Анвар Махьмуд – мухIажираш куптоьхначу меттехь сэндвичаш еш ву иза, ша сатуьйсучу Британе дехьавала ахча а гулдан

Radiomarsho.com 

Baza: футболистана Канчельскисна кхерам тесна Кадыровн юххерчу "авторитета"

Оьрсийчоьнан мехкан тобанан а, ингалсан ""Манчестер Юнайтед" кулабан а хиллачу футболистана Канчельскис Андрейна ницкъ бийр бу аьлла кхерам тесна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан юххерачу криминалан авторитетан Дукузов Казбекан цIарах, хаам бо "Эхо Кавказа" сайта, Baza телеграм-каналана тIе а тевжаш. Оцу зорбан гIирсо балабо Канчельскиса Москварчу полице бинчу латкъаман цхьаболу чулацам. Лахьан-беттан 22-хь экс-футболист хIумакхоллуш хилла кафехь. Цу чуеъна 4 стагах лаьтта тоба. Царах цхьамма, Канчельскисна улле охьа а хиъна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Европан кхеташоно гIо дийр ду Гуьржийчоьнна а, Молдовина а, Украинина а духьало яялар жагIдан

Европан кхеташоно тIеэцна кхаа шеран чохь Гуьржийчоьнан а, Молдовин а, Украинин а тIеман а, дуьхьало яран а таронаш чIагIярца йоьзна инициативаш.   Европан машаран гIирс (EPF - European Peace Facility) гурашкахь керла гIулчаш хьажийна ю "чоьхьара чӀогӀалла а, машар а" чIагIбан, ткъа оцу юкъахь дац адамаш дайъа Iалашо йолуш кхоьллина герз далар, аьлла ду Европан кхеташонан дIахьедарехь. Программан гурашкахь Гуьржийчоьнна гIо кхочур ду 12,75 миллион евро (14,46 миллион доллар) барамехь, цуьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Пасторийн конференцин 200 декъашхо лаьцна полицино Подмосковьехь

Подмосковьерчу Раменское гIалахь полисхоша, протестантийн "Нового поколение" килсийн пасторийн конференце а баьхкина, лаьцна 200 гергга стаг. Цунах хаам бо "Настоящее время" телеканало, "ОВД-Инфо" хьостана а, "Взгляд с Небесной" YouTube-канална а тIе а тевжаш. Низимаш лардо органийн белхахоша лаьтта охьабехкина лецнарш яххьашца шийлачу цIенкъийте, иштта латтийна 40 минотехь. Хаам беш бу, конференцин декъашхойх цхьанна йиттина хиларх лаьцна. Буьйсанна 2 сахьт долуш делах теша нах дIахеца болийна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Закаев Ахьмадан вашас видеокхайкхам дIаязбина политике Iедалшна критика цаяр доьхуш

Эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Хакаев Ахьмадан вашас Закаев Iелас видеокхайкхам дIаязбина, халкъ дика дехаш ду, Iедалшна критика ян оьшуш дац аьлла. Закаев Iелин къамел зорбане даьккхина "Чечня Онлайн" инстаграмехь ГIура-беттан 1-чу дийнахь. Цул хьалха социалан машанашкахь видеокхайкхам баржийнера нохчийн блогеран Халитов Хьасанан ден ГIанин, тIекхачавелча иза сацо вийна а цхьаъх дийра дара ша аьлла волчу. "Кавказский узел" сайто (Оьрсийчоьнан Iедалаш иза арахьара агент лаьрра; "Кавказский узел" цунна реза яц. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *