Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Закаев Ахьмадан вашас видеокхайкхам дIаязбина политике Iедалшна критика цаяр доьхуш

Эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Хакаев Ахьмадан вашас Закаев Iелас видеокхайкхам дIаязбина, халкъ дика дехаш ду, Iедалшна критика ян оьшуш дац аьлла.


Закаев Iелин къамел зорбане даьккхина "Чечня Онлайн" инстаграмехь ГIура-беттан 1-чу дийнахь. Цул хьалха социалан машанашкахь видеокхайкхам баржийнера нохчийн блогеран Халитов Хьасанан ден ГIанин, тIекхачавелча иза сацо вийна а цхьаъх дийра дара ша аьлла волчу.


"Кавказский узел" сайто (Оьрсийчоьнан Iедалаш иза арахьара агент лаьрра; "Кавказский узел" цунна реза яц. – Ред. билг.) гочдина Закаев Iелин къамелан цхьацца долу дакъош.


"Ахь боху, [йозуш йоцу] пачхьалкх? Аш шина шарахь гайтира пачхьалкх муха хуьлу – шун [шина] стагана юкъахь а бацара барт. Аш иза гайтира. Ткъа [нохчийн] пачхьавлкх – хIица ю-кх пачхьалкх. Неха кхача бу. ХIун оьшу адамашна, дена а, нанна а? Бераш кхиор, царна кхачам бар, аьтто бан церан деша.", - чIагIдо Закаев Iелас.


Закаев Iелас иштта хаам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан цхьа дехар кхочуш дина хиларх лаьцна: "Суна тахана гIо дира, суна кхузахь вайн падчахьа гIо дира, вашалла дира, жоп делира сан дехарна. Делан лаамца, халкъ дика дехаш ду, халкъана оьшуш хIумма а дац. Дала диканиг дойла вайна".




 



Гезгмашин-баттахь хаам бинера, муьлш бу ца хуучу герзаца хиллачу наха Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна дIабигарх лаьцна. Царна юкъахь вара Закаевн ши ваша – Бувади а, Iела а, цаьршина хIусамнаной а, ткъа иштта йиша Зеза а. Суьйранна уьш дIахийцира, Закаевн цIарах критикан видеокхайкхам а язбайтина.
Нохчийчоьнан парламентан спикерца Даудов Мохьмадца цхьаьна йинчу эфирехь, Кадыровс кхерам тесира, "ша сийна цIе тесна вагор" ву аьлла.
Закаев Ахьмадан вевзаш волу нохчийн политик карарчу хенахь Британехь вехаш ву.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *