Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра тIеман Iамораш. Стенна кечлуш ву Кадыров?  

Нохчийчуьра тIеман Iамораш. Стенна кечлуш ву Кадыров?  

Соьлжа-ГIалахь рогIера тIеман Iамораш дIадаьхьна, эзар сов тайп-тайпачу ницкъаллин структурийн бехахой дакъалоцуш а болуш. Легендица а догIуш, Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь цхьа гIишло дIалаьцнера террорхоша, ткъа Росгвардино а, МВД-но операци дIаяьхьира уьш хIаллакбеш. Хьалхо тIеман хьал хIоьттича шаьш дийра дерг шардира ницкъаллин структурийн белхахоша республикан дозанашца йолу кIашташкахь.

Хьлхарчу а, шолгIачу ю тренингашна юкъаозийна яра нисса дIа Кадыров Рамзанна муьтIахь йолу тобанаш, формалан кепара уьш низамаш лардон органашна юкъахь лоруш ялахь а. Республикан куьйгалхо ша вахара Iаморашка, ницкъаллин структурийн белхахой муха Iамош бу хьажа. Стенна кечам беш ву иза? Хьенан лере хьажийна ду и хIора кIиранах масатоьпаш екор?

ГIалгIайчоьца иккхина къовсам. Вовшахкехтар я мотталург?

Лахьан-бутт чекхболуш юха а юкъаметтигаш ирйелира Нохчийчоьнан куьйгаллин а, ГIалгIайчоьнан юкъараллин жигархойн а. ТIахьарнаш эргIада бахийтинарг дара, луларчу республикера белхалой, шайга а ца хоттуш, тодан хIиттар, ши республика къастош охьодогIучу хина бердаш.

ГIалгIайчоьнан тайпийн кхеташо (Совет тейпов Ингушетии) олучу юкъараллин вовшахтохаралло дIахьедира, шина республикин дозанца доьзна хаттар кхин а дIадахьа дезаш ду аьлла. Цунна жоп луш Соьлжа-ГIаларчу лаккхарчу даржашкарчу Iедалхоша ца кхоийра къоршаме къамелаш дар а, кхерамаш тийсар а. Дов иккхина масех де даьлча Кадыровс, кхеташо а гулйина, дIахьедира республика гоне ерзо еза блок-посташца, ткъа уьш ларъян хьовсо деза чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъош аьлла.

"Иза дац, вайна тIом баьлла бохург, амма вай мичча хенахь а кийча хила деза. ДуьнентIехь хьал хIоьттина хIуъа а хила мегаш долу", - элира Кадыровс, дозанашка эскархой хьажор ГIалгIайчоьнца долчу дар-дацаршца а ца дузуш.

Нохчийчуьрчу Iедалша дийриг – ницкъ гайтар а, гIалгIай лаьттанца доьзна реза цахиларш бахьана долуш дозанаш лардан кийча хилар гайтар а ду, аьлла хета Анализ яран а, ткъа иштта къийсамаш ца хилийтаран а Центран директорна (Центр анализа и предотвращения конфликтов) директорна Сокирянская Екатеринина.

"Суна хетарехь, Рамзан Ахматовича шен тIегIантIехь гойтуш ву лулахошна, ша кхоччуш тIеман кечам бина хилар а, цхьаъ хилахь Нохчийчоьнан дозанаш лардан доьналла долуш хилар а, ткъа иштта, ша хьалха ма аллара, уьш шордан кийча хилар а", - билгалдоккху эксперто.

Республика блокпосташца гоне лацаран идей вуно йогIуш ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо, луларчу субъекташца, уггар хьалха ГIалгIайчоьца а, Дагестанца а, долчу дозанашна кхоччуш демаркаци ян дагахь лелочуьнца, билгалдоккху Кавказ дика евзачу, МГИМО-н (Москвара дуьненаюкъара юкъаметтигийн пачхьалкхан университет) лакхара Iилманан белхахочо Ярлыкапов Ахмета.

Цунна хетарехь, оцу мероприятеша гайта дезарг ду республикера Iедалш кийча хиларх, кхетийта шаьш нохчий, уьш кхетийт, ша нохчийн халкъан хьалханча хиларна, Кадыров церан лаамаш ларбан дагахь хилар.

"Кадыров шина аудиторина болхбеш ву. – нохчайн а, арахьарчу а – гIалгIан а, дагестанахойн а", - кхетадо шена хетарг Ярлыкаповс. Иза ду аьлла хета экспертана, республикера бахархой вовшахтохар Ӏалашо юьхьарлаьцна деш. Ярлыкаповс боху, шена ца хаьа мел мехала ду могIарерчу нохчашна ГIалгIайчоьнан дозанца доьзна хаттар.  

"Цхьаъ ду сан ала, Кадыровс цхьа хIума а ца до, цхьа а Iалашо а йоцуш", - жамI до эксперто.

Вевзаш волчу нохчийн оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос республика гоне лацаран идей ГIалгIайчоьнан дозанца боьзначу хиламашца юзахь а, арахьара конфликт ю аьлла, моттаргIа а хIоттийна, адамийн тидам кхечунна тIебахийта гIортар ду иза боху.

Абдурахманов реза ву, Ярлыкаповс ма аллара, Нохчийчоьнан куьйгалхо нохчий шен куьйгакIеллахь вовшатоха гIерташ ву бохучуьнца, иза ца нисдаларна леткъа а леткъаш.   

"Дуккха а наха дийца долийра, Кадыров бакъ ву, динна тулгIе гIаьттира Кадыровс ша ГIалгIайxоьнера бархI эвла дIайоккхур ю аьлча, цхьа ура-патриоташ бевлира цунна гIортор еш роликаш дIаязйеш", - дуьйцу блогера.

"Шена лиъча – го бира". Кадыровн тIеман таронаш

Нохчийчуьрчу коммерцица йоьзна йоцчу вовшахтохараллан белхахочунна Ахмадов Вахина хетарехь, (цIе хийцина ю цуьнан дехарца. -Ред. билг.) Iамораш ГIалгIайчоьнна еллачул а алсам сигнал ю федералан ценран шена тIе тидам бахийтаран, "иза, хьовсал, муха дало соьга, лиира суна – го бира, лиира суна – го дIабаьстира".

"Цхьана а субъектан куьйгалхочуьнга шен сатийсамехь а дуьхьал хIотталур доцуш ду и тайпаниг. Ткъа Москвара схьа, уггар алсам дахь, шен меркъеллахь цхьа ца къаьста гӀам-гӀим дийр ду Песковс, ткъа вуьшта иза а дийр а дац", - боху Ахмадовс.

Цунна хетарехь, республикана го баран идей, вуно кхераме тенденци ю, ткъа нохчийн милитаризман а, реваншизман а некъ юьхьарлаьцна кегийрхой кхиоро цхьа а диканиг дохьур дац. Ша ца кхета, бохура Ахмадовс, хIун "Оьрсийчоьнан мостагIий" бу Кадыровс буьйцурш, ницкъаллин структурийн кхеташонехь, хIун "дуьнененра чолхе хьал ду" дуьйцург, нохчийн дозанаш а хьехош.

 

"Хьенах лардир ду, масала, нохчийн-ставрополхойн доза? ЦIеххьана кIорггерчу тIехьар баьхкина дIахIиттинчу америкахойн хIорда-гIашсалтех? Кхузахь алсамо моттаргIанаш а, герз декор а ду. Кхеташ ду, нагахь цхьаъ, ма моьтту цадодахь, цхьа а хьодур вац дозанашкахь саьнгарш яьхна са ца кхоош цигахь летта вала", - билгалдоккху Ахмадовс.

Ша Iедалехь волчу шерашкахь Кадыровс кхоьллина де-юре Оьрсийчоьнан ницкъаллин хьукматашна юкъайогIу, амма де-факто цуьнан тешаме нахехула Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтIахь йолу ницкъаллийн структураш, боху Сокирянскаяс.

"Цуьнан шен чулацамехь, долахь йолу жима арми ю. И структураш дика кечам бина а, Iамийна а ю тоьллачу оьрсийн инструкторша, уьш тIом баран зеделларг долу тIемалой бу", - дуьйцу Сокирянскаяс.

Кадыровн баккъалла а тIеман таронаш ю лулахошна дуьхьаллатта бохучуьнца, реза ву блогер Абдурахманов. Оццу хенахь иза ца теша шина республикина юкъахь баккъалла а конфликт хила мега бохучух, иза федералан центро хуьлуйтур йоцун дела.

"Цунна чIогIа хазахета цхьацца тIеман орцанаш дохуш, хьовса, хIара ю сан арми бохуш. Иза говраш хахкарх тера ду цо масех шо хьалха вовшахтоьхна хиллачу, туркойн актераш хьошалгIа кхайкхира, ткъа ерриг а республика цхьанха дIахахкаеллера. ХIун логика яра оцу леларан?", - дагалоьцу блогера.

Кадыровн ницкъаллин структурийн белхахойн говзалла гойту цхьана хиламо: тIаьххьарчу Iаморашкахь гериг кхетта чов йира низамаш лардон органан цхьана белхахочунна. Иза мухачу хьолехь ву бохург хIинца а хьулдина ду нохчийн Iедалша.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

После вспышки ботулизма Роспотребнадзор изъял 172 тонн опасной продукции

Казань вошла в топ-3 городов России по дороговизне комнат

Посол Степанов: Россия ответит на очередной раунд санкций со стороны Канады

Торжественная присяга ВПК «РОСИЧ»

Музыкальные новости

Муфтий Гайнутдин пожелал Путину помощи Аллаха для побед

Футбольный фестиваль «ЦСКА — Все сюда!» провели в Одинцове

Более 500 спортсменов поучаствовали в фестивале «Спорт для всех» в Мытищах

В Пулково задерживаются шесть рейсов

Новости России

Торжественная присяга ВПК «РОСИЧ»

Казань вошла в топ-3 городов России по дороговизне комнат

Роспотребнадзор выявил поставщиков вызвавшей ботулизм продукции в регионах России

Счетная палата добилась рекордного штрафа на 100 миллионов рублей для «Почты России»

Экология в России и мире

Токсиколог Кутушов назвал признаки теплового удара и правила первой помощи

Местные жители заполнили пляж, пытаясь выгнать оттуда туристов на популярном курорте: отдыхающие напомнили им, откуда они получают зарплату

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Modest fashion day 2024

Спорт в России и мире

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосхе

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Moscow.media

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

На Азина рухнул расселенный дом

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Прогулка по Москве 1962 года







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *