"Юкъараллин тешам бойъу".Лакхарчу кхело къайленехь дитина НКВД-н документаш
Оьрсийчоьнан президентан омрица а, ФСБ-н сацамца а къайладаьхна Сталинан репрессеш дIахьош жигара хьийзинчу НКВД-н белхахойх долу документаш оццу хьолехь дитар къастийна бахархоша чуделла арз луьстуш пачхьалкхерчу Лакхарчу кхело. Арз талла а, сацам арахеца а кхеланна ца эшна 3 сахьт а. Дехар чуделларг вара Iедало арахьарчу агентан статусе язйинчу "Дуьненаюкъарчу Мемориалера" талламхо Прудовский Сергей. НКВД-н материалаш къайленехь сецор нийса дац, милионашкахь адамаш хIаллакдинчу НКВД-н белхахойх йолу информаци йовза еза халкъанна... Читать дальше...