Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а бахархоша уггар а лахара ахчанаш дехкина банкашка

ГIалгIайчоь, Нохчийчоь, Дагестан аутсайдерш хилла банке дехкинчу ахчанийн бараман рейтингехь, хаамбина пачхьалкхан "РИА Рейтинг" агенталло. ГIалгIайчохь цхьана вахархочун цIарах 13,6 эзар сом ду банкехь гулделла, Нохчийчохь – 17 эзар, ткъа Дагестанехь – 32,2 эзар сом. Рейтинган лидер йолчу Москвахьчул а масех иттозза лахара ду и терахь.


Банке ахчанаш дахкарехь ледара йолчу итт регионашлахь нисйелла иштта Кхарачой-Чергазийчоь (42,6 эзар сом), ГIебарта-Балкхаройчоь (50 эзар), ГIалмакхойчоь (57,4 эзар), Адыгей (70,6 эзар). Хаамбо, проценташка диллича тIаьхьарчу шерачохь банкашка ахчанаш дахкар алсамдаьлла Нохчийчохь - 23,5 процентана. Талламан авторшна хетарехь, къилбан регионашкахь иштта лахара жамIаш хилар кхетадойла ю бахархошна тIебогIу пайда лахара хиларца а, банкан хьелаш хIиттор ледара кхуьуш хиларца а.


Банке ахчанаш дахкарца гIуллакх уггар а тоьлла ду Москвахь – цигахь цхьана стагана кхачон ахча юккъерчу барамехь аьлча миллионал жимма совдолу. ШолгIачу меттигехь ю Санкт-Петербург (552,9 эзар сом), кхозлагIчу меттигехь Ненецкан автономин гонаш (506 эзар сом).


*Официалан Оьрсийчоьнан статистика юкъахь хила тарло аннекси йинчу ГIирмера хьал а



Кхелехула банкроташ кхиаран динамикехула хьалхарчу могIаршкахь нисйелла ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а. Нохчийчохь церан терахь лакхадаьлла 2021-чу шарахь 158-на тIера 2022-чу шарахь 511-нне даьлла. Ткъа ГIалгIайчохь 2021-чу шарахь 122-на тIера 2022-чу шарахь 418-на тIе. Шозза сов кхиъна догIу Дагестанехь банкрот бахначу бахархойн терахь (579-на тIера 1222-на тIекхаччалц), ГIебарта-Балкхаройчохь (490-на тIера 991-нна тIекхаччалц).
Нохчийчохь 2021-чу шеран хьалхарчу ялх беттачохь дIакъевлина 3,5 -зза алсам индивидуалан болхбаран меттиг, цул хьалха хиллачу 2020-чу шарахьчул а дукха. Йоллу пачхьалкхехь а лакхара гайтам бу иза.
ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа-ХIирийчоь, Нохчийчоь нисйелла 2022-чу шеран жамIашца Оьрсийчохь уггар а гIад дайначу итт регионашлахь. Цигахь дахаран эвсаралла а, социалан- экономикан хьелаш а, белхан меттигаш а, иштта кхин дIа дерг а зийнера. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *