ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а бахархоша уггар а лахара ахчанаш дехкина банкашка
ГIалгIайчоь, Нохчийчоь, Дагестан аутсайдерш хилла банке дехкинчу ахчанийн бараман рейтингехь, хаамбина пачхьалкхан "РИА Рейтинг" агенталло. ГIалгIайчохь цхьана вахархочун цIарах 13,6 эзар сом ду банкехь гулделла, Нохчийчохь – 17 эзар, ткъа Дагестанехь – 32,2 эзар сом. Рейтинган лидер йолчу Москвахьчул а масех иттозза лахара ду и терахь. Банке ахчанаш дахкарехь ледара йолчу итт регионашлахь нисйелла иштта Кхарачой-Чергазийчоь (42,6 эзар сом), ГIебарта-Балкхаройчоь (50 эзар), ГIалмакхойчоь (57,4 эзар), Адыгей (70,6 эзар). Читать дальше...