Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Терроризмехь бехке леринчу дагестанхошна  керла хенаш йоьху прокуратуро. Хьалхо таIзарех дIахьедарш дина цара

Дагестанерчу полицин белхалошна зулам дан гIортарна долийначу гIуллакхехь прокуратуро дийхира тоьхначу хенашна кхин а бархI шо тIетохар. Меттигерчу бахархошна Барзукаев Исламна, Курбанов Гасанна, Мирзалиев Мирзалина. Хьалхо терроризмехь бехкелерина, царна туьйхира 15 шарера 18 шаре кхаччалц йолу хенаш - шайна таIзараш дарах тутмакхаша дIахьедарш динера, церан гергарнаш сих-сиха низамза бехктакхаман гIуллакхашна дуьхьалонца пикеташка арабовлура.


Мирзалиевн адвокато Лабинцев Сергейс Кавказ.Реалии корреспонденте дийцира, хьалхарчу терроризмах долчу гIуллакхехь бехкебечарна хIиттийна кхинйолу артиклаш хиларах, низамза герз, тIеман гIирс, эккха гIирс хIусамехь латтор. Амма и гIирсаш церан цахиларан тоьшаллаш адвокато далийча, кхелан ала хIума ца хилира.


"Герз, тIеман гIирс церан цахиларна тIехь уьш бакъбина, амма царна хан тоьхна гIаттамхойн декъехь латтарна. Герзаца гIаттамхойн тоба герз доцуш хуьлийла дац",- билгалдаьккхира адвокато.


Барзукаевна 18 шо, Курбановна 17 шо, Мирзалиевна I5,5 шо чохь йаха хенаш кхайкхира. Цу сацамна кхечу инстанцехь латкъам бийр бу.


Тутмакхийн гергарчара "гIовгIа йаккхарна", пикеташ йарна, хаамийн гIирсашка дIахьедарш дарна дуьхьала хIуьттаре йеш, тIетоьхна и низамхошна тIелатаран артикал аьлла хета Лабинцевна.


"ХIоьттинчу хьолехь кхелана хало ду болх бан, хIунда аьлча материалаш хьалхалернаш йу. Хьалхарчу кхело цхьа а герз, тIеман гIирсаш ца хилла аьлла ду, цундела шолгIачу кхело иза муха нисдийр ду хууш дац. Герз доцуш низамхошна тIелатар цара муха кечдина ала бохку уьш"- боху адвокато.




Барзукаев, Курбанов, Мирзалиев дIалийцира 2019-чу шеран мангалан-баттахь. Полицино бехкебира уьш низамза герз а, тIеман гIирс а лелорехь. ТIаьхьо цаьрга кховдийра терроризмаца уьйр хиларна, низамза гIаттамхойн тоба вовшахтохаран бехк.
СИЗО-хь сацийна латточу дагестанхойн "Черновик" газетан журналисто Гаджиев Iабдулмумина зорбанедаьккхина шеца цхьаьна чохь воллучу Мирзалиев Мирзалина дийцар. Цу дийцарехь Мирзалис далхадо Дербентерчу экстремизмана дуьхьалчу центран белхалоша шена таIзарш дар. Дийцар хьокъехь Дагестанерчу адамийн бакъонашна Iуналла дечо Алиев Джамала Талламийн комитетан урхалле зераш дар доьхуш, дIахьедар дина.
Шайна таIзараш дарах дIахьедарш кхааммо дира. Амма талламаш ца бира цу гIуллакхна: мел кIезга а ворххIуза дIатеттира дина аьрзнаш. Церан наноша сих-сиха пикеташ йо, уьш шайн воIарийн гIуллакхаш тидаме эцийта лууш бу. Стохкалерчу шеран дечкен-баттахь цхьана тутмакхан нанна дуьхьал административан гIуллакх долийна. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *