Мангал-беттан 14-гIа де Буденновскехь Басаев Шемалан тобано закъалтхой лийцина де ду
Цул тIаьхьа кхо де даьлча, мангал-беттан 17-хь, шайга лазартне схьа ца йаккхайелча, тобанхошца дийца буьйлабелира. Премьер-министр Черномырдин Виктор цхьадолчунна резахилира. Мангал-беттан 19-хь Басаевн тоба, кхерамза некъ белла, Нохчийчу дIайахийтира. Цаьрца 100 закъалтхо вара. Царлахь бара тIаьхо тобано дIахецна бакъоларйархой а.
Официалерчу хаамашца аьлча, тIемалойн тIелатарехь а, оьрсийн спецназо лазартне йоккхуш а кхелхира 129 адам, 415 чевнаш йеш лазийра. Цхьа эзар ахэзар закъалтхо барт биначул тIаьхьа маьршаваьккхира.
Кавказ.Реалии сайто йина Буденновск гIалина тIелатарах нарративан подкаст - журналисто Голенкова Катяс пхеа шарахь бинчу талламийн жамIа ду иза. Доьазза Буденновске йахана, тешашца, барт беш йукъалеллачаьрца, хиллачу закъалтхошца, берашца, бакъоларйархошца, эксперташца къамелаш дина цо. ЛадогIа цу подкасте йерриге аудио-майданашкахь а, ютубехь а.