Трампан сурт диллина ахчанца Украинан художникаша
Нью-Йоркерчу гайтамехь довзийтина цара сурт. Шайн белхан "Ахчан сурт" аьлла, цIе тиллина художникаша. Казинохь ловзочу ахчанах а, фишкех диллинчу суьрта тIехь кхаа баттахь болх бина цу шиммо.
Оцу серех шолгIа портрет ду художникаша кхоьллинарг. Кхул хьалха Марченкос а, Грина а "ТIеман юьхь" аьлла цIе а тиллина, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран портрет вовшахтеснера Донбассера деанчу даьсачу патармех.

