Некъах тилла Марсана тIе хьажийна "Tesla" машен тIехь йолу ракета
Гарехь, бахьана ду "Тесла" Марсана уллерчу орбите яккха езачу космосан аппаратан мотораша тIех сов болх бар.
Falcon 9 олу 3 ракета вовшахтесна кечйина йолу Falcon Heavy космосе хьажийна Флорида штатерчу Канаверал олучу меттера Чиллан-беттан 6-чу дийнахь. Цуьнан кхуьа хьалхара дакъа лаьтта тIе охьахаа дезаш дара, царах юха а пайда эца. Амма охьахиънарг ши ракета бен яц. КхолагIа ракета, ягориг а ца тоьъна, охьайоьжна Атлантикан хIорда чохь йолчу платформина улле.
Falcon Heavy гайтаман проект яра. Маск Илонан космосан программин коьрта Iалашо ю Марс планетина тIе космосан аппараташ а, адамаш дахийтар.

