Евкуровн вешин кIентан дакъа карийна ГIалгIайчохь
Хьалхо Евкуровн гергара стаг велла карийна аьлла, хаам бинера 360 телеканало. Журналисташа дийцарехь, Евкуров Хьасан коьртах герз тоьхна вийна карийна Чиллан-беттан 6-чу сарахь Троицкехь. Цунна уллехь карийна таллархочуьнан топп.
ГIалгIайчоьнан талламан комитето цкъачунна цхьа а комментари йина яц цу хьокъехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

