ТIаьхьарчу 4 баттахь 26 политикан тутмакх тIекхетта Оьрсийчохь
Карладаьккхинчу цIейозана тIехь ву 143 стаг. Уьш бу коьртачу декъана дин бахьана долуш чубоьхкина ГIезалойчуьра а, ГIирмера а бусалбанаш.
"Мемориало" билгалбаьхначу политикан тутмакхашна юкъахь ву иштта оппозицин жигархо Гальперин Марк а, Нохчийчуьрчу «Мемориалан» декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, кхин а масийтта стаг а.