Харжамашкахь низам дохорна 228 латкъам бина Къилбаседа Кавказера
Уггаре дукха латкъамаш кхаьчна цу регионера Ставрополан махкара а, Дагестанера а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, Нохчийчуьра а. Цигахь жигара болх беш бара тIехьажархой.
Низам дохийна бохуш волонтераш дуьйцург ду цхьацца наха дуккха а бюллетенаш чукхиссар а, "Харжамаш" системехь долу кхаж тасаран жамIаш шалха довлар а.

