Мохьамед Салахь - Нохчийн Республикан лараме махкахо
"И цIе йогIуш яра (Мохьамед Салахьна). Эзарнаш берийн а, кхиазхойн а, баккхийчеран а ган аьтто хилира кху дуьнентIехь уггаре говза болчу футболах ловзархо волу иза", - элира Кадыровс, хаам бо "Чечня Сегодня" агенталло.
Шен агIор Мохьамед Салахьа баркалла аьлла шаьш Соьлж-ГIалахь дика тIеэцарна а, дика лелорна а, баха а, ловзарна кечдаьла а тIех дика хьелаш кхолларна а, яздо агенталло.