Левада-центр: Оьрсийчохь ксенофоби кхуьуш ю
Бахархоша тIе ца оьцучу къаьмнийн рейтинган хьалхарчу могIарехь ромалаш бу (32 процент). Стохкалерачу жамIашца 17 процент бара уьш.
Китайцашна дуьхьал бу 31% респонденташ. Въетнамхой чубахкийта ца лаьа 26 процент бахархошна. Ткъа шо хьалха 15 а, 12 а проценташца гойтура и терахьаш.
"Оьрсийчоь оьрсашна ю" аьлла 10 процент 19 проценте кхиина.
Iедалхоша доза тоха деза пачхьалкхе оьхучу мухIажиршна аьлла 58 процент кху шарахь 67 проценте даьлла.
"Сова" центран директорна Верховский Александрна хетарехь, бахархошлахь ксенофоби кхиар экономикан халонашца доьзна ду.

