Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Август
2018

Новости за 27.08.2018

Radiomarsho.com 

Макажойн шира маьждиг меттахIоттор ду

Веданан кIоштарчу Макажара XVII-XIX-чу бIешерашкара маьждиг юхаметтахIотто сацамбина Нохчийчуьрчу Iедалхоша. ТIулгийн дуьхьалонаш дIаса а йохуш, белхаш дIаболийна маьждигна гонах карарачу хенахь, мехкан куьйгалхочун тIедилларца. Културан тIаьхьалонан тептаре яьхначу объекташлахь ду шира маьждиг а.

Radiomarsho.com 

Нохчийн гIаттамхой бакъбарна гIуда тоьхна Рязанерчу вахархочунна

Рязанан кIоштарчу вахархочунна гIуда тоьхна зуламан кодексан 205.2 артиклца – терроризм кълбалъярна. 450 эзар сом хьарчийна цунах оршотдийнахь къайлахчу сервисийн хаамца. Дийцарехь, социалан машанарчу "ВКонтактерчу" шен агIон тIехь масийттазза комментареш язъеш хилла цо, Нохчийчуьра гIаттамхой бакъбеш. Талламаш дIахьочу юкъанна шегара даьллачунна дохковаьлла иза, цундела леринчу низамашкахь дIаяьхьна цуьнан кхел. Москохарчу тIеман кхело бехк тIечIагIбинчул тIаьхьа 450 эзар сом гIуда такхар тIедожийна Рязанерчу вахархочунна.

Radiomarsho.com 

Муха стаг вара политик Маккейн Джон?

Кросби Алан   81 шо долуш кхелхина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенатор (Аризона штато ялхазза хаьржира иза оцу дарже), "Ханой Хилтон" набахтехь ялх шарахь Iазап лайна тIеман турпалхо Маккейн Джон. Иттаннаш шерашкахь Сенатехь болх беш а, президентан кампанехь шозза дакъалоцуш а Маккейна ша гайтира проблемех лаьцна юьхь-духхьал хетарг олу а, политикехь къарвала Iаьмна воцу а стаг санна. Шен оьмарх дисина тIаьххьара кIиранаш Маккейна дIадаьхьира Аризонерчу ранчохь, гонах доьзал а, доттагIий а болуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шелахь полисхоша кхиазхой лецарх дийцина бахархоша

Полисхошна тIелатарш динчул тIаьхьа урамашкара кегийрхой дIа а лехьош, цаьрга хеттарш дина ницкъахоша аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле Шела кIоштарчу бахархоша. Цара бахарехь, верриг а 150 - 200 стаг вара полисхоша дIалаьцнарг. Маршо Радионо хааме даьккхира, дахначу оршотдийнахь Шела кIоштахь а, Соьлжа-ГIалахь а  полисхошна динчу тIелатарх. Iедалан хаамашца, тIелеттачу пхеннах виъ вийра, пхоьалгIаниг чевнаш йина дарбан цIийне кхачийначул тIаьхьа велира. ШолгIачу дийнахь "Исламан пачхьалкх"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Ахмат" тобанехь ловзур ву Нижич а, Харин а

Хорватин футболисто Нижич Зорана а, Эстонин ловзархочо Харин Евгенийс а куьйгаш яздина Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" тобанехь ловза. "Ахмат" клубан президенто Даудов Мохьмада бина и хаам. "Оьрсийн паспорт долчу Харина тIедогIучу деа шерачохь вайн тобанца ловзур волуш контрактна куьйгъяздина. Эстонехь тIаьххьарчу шина сезонехь 69 матчехь 37-зза кевнаш чу буьрка тоьхна 23 шо долчу футболисто. Нохчийчу схьа а веана, тахана дуьйнна тобанца Iамораш дIадолийна Харина. Ткъа гергарчу хенахь схьакхетар ву "Ахматах" Хорватера Нижич Зоран а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Рохинджашна тIехь къизаллаш лелорна Мьянман Iедалшна бехкбиллина ООН-о

Бусулба рохинджаш байарна Мьянман Iедалш емалдина оцу пачхьалкхехь талламаш бинчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино, шаьш зорбане яьккхинчу рапортехь, яздо Reuters агенталло. Пачхьалкхан хьехамча Су Джи Аун Сан коьртехь а волуш, Мьянмас пропаганда яйтина рохинджашна дуьхьал цабезам гIаттош. Адамийн бакъонаш хьоьшуш, тIеман зуламаш даран тоьшаллаш къайла а дохуш аьлла ООН-ехь. Ракхайн кIошт тIемалойх мукъайоккхуш, эзарнаш бахархой, шайна тIехь ницкъ барна, Бангладеше а хьахош, пачхьалкхан кхерамзалла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Даудов: Кадыров Ислам цхьанхьа а балхахь вац

Нохчийчоьнан хилла премьер-министр Кадыров Ислам Iедалан урхаллера дIаваьккхина хилар тIечIагIдина мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кадыров Исламца иккхина конфликт бахьана долуш, Нохчийчуьра вада везначу блогерца Абдурахманов Тумсоца шен хиллачу къамелехь Даудовс дIахьедина, "Ислам тахана цхьанхьа а балхахь вац, я Iедалан векал а вац иза" аьлла. "МогIарера вахархо ву иза", - аьлла парламентан куьйгалхочо. Iедалхеь уггар а тIеIаткъаме волчех вара Кадыров Ислам, амма стохка бIаьста премьер-министран даржера вохийра иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамерко Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш болхбан юьйлаелла

ГРУ-н хиллачу белхахочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а Британин Солсбери гIалахь дIавш даларан бахьанашца Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш тахана дуьйнна болхбан юьйлаелла. Билгалдаккхарца, санкцеша Оьрсийчоьнна арахьара гIо латтор сацош ду, цIеххьана гуманитаран гIо кхачор юкъарадаьккхича. Оьрсийчу дахьар дац даар-малар, юьртабахаман сурсаташ, иштта лур дац кредиташ а. Цул совнах, санкцеша дIалакъор ду герз а, муьлхха а тIеман гIирс бохкар а. Делахь а, "къоман кхерамзаллан интересашкахь"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Левада-центр: Оьрсийчохь ксенофоби кхуьуш ю

Шайн пачхьалкхехь цхьацца долчу къаьмнийн векалш бахийта дуьхьал болчийн терахь тIаьххьарчу шарахь лакхадаьлла догIу. "Левада-центран" статистийн терахьаш далийна "Ведомости" хьостано. Бахархоша тIе ца оьцучу къаьмнийн рейтинган хьалхарчу могIарехь ромалаш бу (32 процент). Стохкалерачу жамIашца 17 процент бара уьш. Китайцашна дуьхьал бу 31% респонденташ. Въетнамхой чубахкийта ца лаьа 26 процент бахархошна. Ткъа шо хьалха 15 а, 12 а проценташца гойтура и терахьаш. "Оьрсийчоь оьрсашна ю" аьлла 10 процент 19 проценте кхиина. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIелатарехь лазийначу полисхошна тIехIоьттина Кадыров

Кху беттан 20-чохь динчу тIелатарехь лазийначу полисхошна тIехIотта дарбан цIийне ша вахарх хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "ВКонтактерчу" шен агIонехь. Лазартнен хьаькамо Альдебиров Рамзана дийцарехь, лазийначарна дарбанна мел оьшу гIирс латтош бу, карарчу заманчохь церан могушаллица кхин эшам бац. Полисхошна Гелагаев Бисланна а, Саидов Iалвина а, Датуев Адамна а, Макаев Мохьмадна а баркаллин дешнаш аьлла Кадыровс, цара шаьш "доьналица, турпаллица" гайтарна.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *