Евкуровс Магасера митинг дIаерзор дехна цуьнан декъашхошка
Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза билгалдаккхарх лаьцна барт бинера цу шина республикан куьйгалхоша Гезгмашин-беттан 26-чохь. ГIалгIайн конституцин кхело реза йоцуш мах хадийна цу сацамна. Суьдхошна хетарехь, цу тайпа хаттарш кхоже дахка деза референдуме.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Екуровс кхайкхам бина митинган декъашхошка, шайн-шайн цIа дIасадовла аьлла. И кхайкхам арахецна ГIалгIайчоьнан Iедалан сайта тIехь.

