Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2021

Новости за 29.12.2021

Radiomarsho.com 

Кадыровна лерина Моргенштернера реклама

Рэп олучу Моргенштернера реклама эцна Кадыровца йоьзначу инстаграм-аккаунто. Шо хьалха рэперо дIахьедира, Кадыровн доьзало дакъалецира социалан машанашкара шайн аккаунташ дIасаяржочу конкурсехь аьлла. Цо бахарехь, хIетахь хIора аккаунт шорйийриг 400 эзар сом делира

Radiomarsho.com 

Назрань гIалин мэр лаьттинчу Тумгоевн хIусамех хьовсуш бу

Бакъоларъяран органийн белхахой баьхкина ГIалгIайчуьра Назрань гIалин мэр лаьттинчу Тумгоев Алиханан хIусамех хьовса. Иза шеконе лаьцна, шегарчу бакъонел соввийларна, хаамбо "Интерфаксо", ТАСС агенталлаша, шайн хьасташна тIетевжина.  ГIалгIайчохь дIахьочу барамех лаьцна хаийтина дац чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь. Назрнаь гIалин администрацин коьртехь вара Тумгоев 2012-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц. Шен хан чекхъяьлча дарж охьадиллинера цо. 2019-чу шеран ГIуран-баттахь полицино лецира Тумгоевн хилла гIовс... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Терроризм бакъярна гIуда хьарчийна ГIалгIайчуьрчу вахархочух

Ростов-ГIаларчу тIеман кхело 250 эзар сом гIуда тоьхна ГIалгIайчоьнан 27 шо долчу вахархочунна Оздоев Русланна, нахана гергахь терроризм къобалъярна. Оцу артиклехь таIзаре хIоттийначунна 100 эзар соьмера 500 эзаре гергга гIуда кхачадо, йа шина шарера пхеа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан. ГIуда тохарал совнах, "Кавказский узел" ресурсо (оьрсийн Iедалхоша арахьарчу агентийн статусе яьккхина) яздарца, Оздоевна дихкина цхьана шарна "сайташ лелон". Ша бехкехиларх даредина Оздоевс. Ростов гIаларчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Iазап латтораш бехкебар доьху". Бусалба ставрополхочун изоляторера арз

ТIехь гIелояр, ток еттар, сийсазвар, кхерамаш тийсар – оцу доллучо а даредайтина шега ша терроран тохар кечдеш вара аьлла, даржийна 25 шо долчу Ставропол-мехкан вахархочо Камнев Даниила. ХIинца цуьнга харцо тIекхолла боху шена бевзаш а боцчу наханна, ша а, уьш а Оьрсийчоьно магош йоцчу "Ат-Такфир Валь-Хьиджра" жамаIатан декъашхой хилла аьлла. Охан-баттахь ФСБ юкъараллица зIе латточу центро дIахьедира, Кисловодскехь полицин цIенна дан кечдина тIелатар юхатоьхна, радикалан исламхой лецна, аьлла. Официалерчу информацица... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украина "схьатохарх" аьлларг Кремлехь дагаваьлла дацара, боху Кадыровс

Украина "схьатохарх" ша аьлларг федералан центрца дагаваьлла дацара, иза шена хетарг ду аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу юкъанна, юха а ша кийча хиларх дIахаийтина цо "шен пачхьалкхан а, президентан а, халкъан а позицеш а Iалашъян" шен лаамехь.  "Соьга цкъа а цхьаммо а аьлла дац Украинех йа кхечу пачхьалкхех лаьцна дIахьедар де аьлла. "Схьатохарх" ас аьлларг Нохчийчоьнан куьйгалхочо санна аьлла дацара, Кадыров Рамзанна хетарг дара", - аьлла цо зорбан министрца а, шен пресс-секретарца а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанские Огни гIалахь полисхойн машенех цIе тесна

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан (МВД)декъан гIишлона хьалхарчу полицин машенех цIе йиллина Дагестанские Огни гIалахь вевзаш воцчу цхьаммо. Цул тIаьхьа къайлавала аьтто хилла цуьнан. "Интерфаксо" яздо цунах лаьцна, меттигерчу мэрин хаамна тIетевжина.  КIиран буса хилла ю инцидент, амма гIарадаьлла и гIуллакх хIинцца. Камераша дIаяздинчуьнца, мила ву ца хуу стаг вилспетахь полицин декъана улло веана. Девзаш дац хиллачун бахьанаш. Дагестанерчу МВД-н урхаллан сайтехь бина хаам бац, полисхойн машенаш ягорах.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *