Нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон ваша ша вер кечдарехула йолчу кхелехь дакъа лоцуш ву хIинца а
Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон ваша Абдурахманов Мухьаммад ша вер кечдарехула йолчу кхелехь дакъа лоцуш ву хIинца а. Къоьвлинчу кепехь дIахьош йу кхел, зен хиллачун кхерамазалла ларйархьама а, иштта немцойн лерринчу сервисан белхахо оцу зуламна декъехь хила мега аьлла шеконаш хиларна а. Абдурахмановн хьокъехь рогIера кхелан ладегIарш гIуран-беттан 21-хь хилира, гIуран-беттан 22-чу дийнахь кхин а цхьа кхел йу хила йезаш, рогIера ладегIарш дечкен-баттахь хир ду, йаздо "Кавказский узел" зорбано... Читать дальше...