Кадыровн кема Мальдивашка а, Таиланде а, Дубай а кхаьчна
Нохчийчоьнан куьйгалхочо пайдаоьцу долара кема хааделла Мальдивийн гIайреш тIехь. Кадыров Рамзана чIагIдо, тропикийн пачхьалкхе ша вахна вац, йа иза стенгахь ю а ца хаьа шена бохуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо пайдаоьцу долара кема хааделла Мальдивийн гIайреш тIехь. Кадыров Рамзана чIагIдо, тропикийн пачхьалкхе ша вахна вац, йа иза стенгахь ю а ца хаьа шена бохуш.
Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат Аренан" стадионехь официлан барамаш дIахьочу йукъанна вип-меттигашкахь кхача латторна 3,51 млн сом дойъур ду бюджетера, ишта хаам бу пачхьалкхана оьшург эцаран сайте хIоттийна. Къовсаман техническан тIедилларехь ма-йарра йуьйцу меню. Тендер чиллан-беттан 8-хь хIоттийна. Цуьцнца а догIуш, 20 вип-меттигашкарчу уггар дукха 265 стагна лерина кечбийр бу кхача, тIаккха къаьсттина республикан куьйгалхочунна лерина кхин а лакхарчу тIегIанехь кечбийр бу. ТIаьххьарчо 29 гергга хьаша тIелаца мега. Читать дальше...