"Кхелахой кхачийна": Нохчийчохь лачкъийначу дагестанхочун гергарнаш ца теша талламах
Дагестанан махккара Хасав-Юьртара аптекин долахо Кардашов Алексей верна бехкевечу Соьлжа-ГIалара таксхочун Омаров Сайд-Мохьмадан гIуллакхехула хиллачу Нохчийчуьра Гуьмс гIалин кхелан куьйгалхо Амиров Iусман юкъарваьлла. ХIинца кхозлагIа толлуш ду хIара бехктакахаман гIуллакх – кхул хьалха Омаровн хьокъехь бина ши сацам юкъабаьккхира апелляци йина. Кардашовн гергарнаш а, бакъоларйархой а тешна бу: иза лачкъийна хилла нохчийн полисхой бу кхела хьалха хIиттон безарш аьлла. Кардашов вайра 2017-чу шеран гезгамашин-баттахь. Читать дальше...