COVID-19 вирус къаьстина ГIалгIайчохь кхин а 5 вахархочуьнца
Махкарчу оперативан штабан информацица, кхин а 40 вахархочунна ун даьалла хилар гайтина дуьххьара йинчу тестийн жамIаша. Карарчу хенахь Ставрополерчу референс-центрера тIаьххьара жамIаш кхачаре хьоьжуш бу Iедалхой.
Наьсарарчу дарбан цIийнехь Iуьллуш ву 59 COVID-19 тIечIагIйина дархо. Царех 10 реанимацехь ву.

