Оьрсийчохь тIаьххьарчу цхьана буса коронавирусан ун даьлла 2558 вахархочунна
ТIаьххьарчу буса велла 18 пациент. Эпидеми яьржичхьана Оьрсийчохь 148 стаг ву велларг.
COVID-19 пандеми бахьана долуш, Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь карантин ю кхайкхийна. Болх беш яц кафеш а, ресторанаш а. ДIакъевлина дешаран хьукматаш а.

