Оьрсийчохь ханна дIакъовла мегаш ю Iамеркан зорбанан гIирсийн сайташ
Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан пачхьалкхан суверенитет ларъярехула йолчу комиссин гIантдас Климов Андрейс чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан Конституцино бакъо ло хаамаш баржор сацо а, царна доза тоха а.
«Iамеркан зорбанан гIирсаша кхайкхамаш бира президентан харжамашна бойкот ян еза бохуш. Иза Оьрсийчоьнан Конституци йохор ду, цул тIаьхьа царна блокировка ян мегар долу, - аьлла хета сенаторна.
Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дIахьочу дийнахь дIакъовла мегаш ю «Маршо Радио» а, «Iамеркан Аз» а корпорацийн сайташ. Амма царна тIекхача аьтто хир бу Оьрсийчохь а смартфонаш лучу аьттонашкахула.

