Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Январь
2018

Новости за 24.01.2018

Radiomarsho.com 

Бусалбанашца къийсам латтийначу немцойн политико тIеэцна ислам

Оьрсийчуьра схьаваьлла волчу немцойн политико, «Германина алтернатива» олучу ултра-аьттоагIор партин декъашхочо Вагнер Артура тIеэцна ислам. И стаг вевзаш вара бусалбанашца луьра къийсам латторца. ХIинца цо дIатесна шен хьалха хилла ойланаш. Цунах лаьцна, Tagesspiegel газетана тIе а тевжаш, хаам бо «Вашингтон пост» газето. Вагнер вара «Германина алтернатива» партин шира декъашхо. Иза юкъахь вара цу партин керстанийн ганна. Журналисташца къамел деш политико, иза шен гIуллакх ду аьлла, ца дийцина ша бусалба дин тIеэцаран бахьанаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

35 нохчо Оьрсийчу дIахьажийна Германин а, Австрин а Iедалша

Венерчу кеманийн портахь, лерина чартеран рейс а лаьцна,  Москох дIахьажийна 35 Нохчийчуьра мухIажир. Царна юккъехь дукхах дерш берхIитта шо кхачаза бераш ду. Немцойн, австрихойн урхаллаша цхьаьана дIаяхьна ю и операци. ТIаьхьарчу масех кIиранахь Австрера а, ткъа иштта Австрица доза долчу немцойн Бавари лаьттера а вовшахтоьхна бара и нах. Депортаци йиначарех 31 стаг Австрера ву, ткъа биснарш бу Германера. Маршо Радион информацица, уьш массо а цхьана бахьанца арабаьхна – церан политикан я гуманитаран тховкIелонах долу дехарш Iедало юхатохар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Давос: дуьненан экономика айлур ю 2019 шарахь

Дуьненан Экономикан Форуме ваха а оьшу юхькIайлла Давосе (Швейцари), шарахь цкъа хуьлучу 48-чу Мехкийн Экономикан Форуме шинарийдийнера пIераскане кхаччалц юкъара гIайгIанаш а, машар а бийца гулбелла 2500 уггаре яккхийчу компанийн, организацийн куьйгалхой, политикаш, дипломаташ, пачхьалкхийн лидерш. Оьцур яц цигахь тIе, я цкъа а ца эцна, резолюцеш, кхидолу документаш, амма дийцаредо баьхкинчара дерриг а дуьненах хьакхалург. Кхушара Давосе баьхкина, я тахана-кхана бахка беза 70 сов пачхьалкхийн лидерш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIемало ву аьлла, 18 стаг вийна Нохчийчохь 2017-чу шарахь

ДIадаханчу 2017-чу шарахь, тIемало ву аьлла, 18 стаг вийна Нохчийчохь. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана. Цо чIагIдарехь, цуьнан куьйгакIеллахь болчу полисхошна гучудаьлла республикехь 8 тIемалойн тоба хилар, инарло церах «бандгруппа» олу. Цу тобанашна юкъахь маса стаг ву а хаьа Алхановсна – 89 стаг. Министро бинчу хаамца, республикехь зуламхойн тобанан декъашхо ву аьлла стохка лаьцна 85 стаг, шайна юкъахь цхьаъ тобанан хьалханча а волуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хьаьж-Мурдан корта дIаболла беза, боху Соьлж-ГIалларчу конференцин декъашхоша

Имам Шемилан наиб хиллачу Хьаьж-Мурдан Петарбухехь музейхь латтон корта дIаболла беза аьлла, сацам бина Соьлж-ГIалахь хиллачу историн юкъараллан конференцин декъашхоша. «Къилбаседа Кавказерчу ламанхоша Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла чIагIдарехь лаьцна дакъа» цIе йолчу форумехь иза хьахийнарг вара Нохчийчоьнан Iилманан академин декъашхо Акаев Вахита. Соьлж-ГIалара конференци вовшахтоьхначу Москохарчу «Ши корта болу аьрзо» юкъаралло бинчу кхайкхамца, Хьаьж-Мурдан корта дIаболларо гIо дийр ду оьрсийн а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь "Мемориал" ларъяр доьху бакъонашларъярхоша

Бакъонашларъярхойн кхеташонан декъашхоша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуроре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, талламан комитетан куьйгалхочуьнга а, тIе тидам бахийта аьлла, Къилбаседа Кавказехь «Мемориалана» гонах хуьлучунна. Бакъонашларъярхоша доьху Титиев Оюбан гIуллакхах йиист яккхар а, «Мемориалан» офисашна ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а тIелатарш дар тидаме эцар а. Царна хетарехь, низацамашца догIуш ду я дац къасто деза Нохчийчуьрчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Нохчийчоьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь ханна дIакъовла мегаш ю Iамеркан зорбанан гIирсийн сайташ

Оьрсийчохь цхьана ханна дIакъовла мегаш ю кхечу пачхьалкхийн агенташ лоручу зорбанан гIирсийн сайташ. Иза доьзна ду цара Оьрсийчуьрчу президентан харжамашна бойкот ян еза ала мегаш хиларца. Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан пачхьалкхан суверенитет ларъярехула йолчу комиссин гIантдас Климов Андрейс чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан Конституцино бакъо ло хаамаш баржор сацо а, царна доза тоха а. «Iамеркан зорбанан гIирсаша кхайкхамаш бира президентан харжамашна бойкот ян еза бохуш. Иза Оьрсийчоьнан Конституци йохор ду... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровc Иракъерчу набахтера кIелхьаръяьккхина жима зуда чуйоьллина Дагестанехь

"Исламан пачхьалкх" тобанна гIо дина аьлла, 12 шо хан а тоьхна, чуйоьллина Дагестанера яхархо, 27 шо долу Шайх-Ахмедова Наида. Иза яра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Иракъехь БагIдадерчу набахтера кIелхьарбаьхначу зударшна а, берашна а юкъахь.  Талламхойн версица, Шайх-Ахмедова, Туркойчу а яхана, Шема дехьаяьлла хилла 2014-чу шарахь. Цигахь иза дIакхетта хилла "Исламан пачхьалкх" олучу тIемалойн тобанах. Цигахь жимачу зудчо гIо деш хилла тIемалошна.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнца а, Iамеркица а тIеман инциденташ хиллийта лууш бац туркой

Iамеркица а, Оьрсийчоьнца а, Шеман эскаран дакъошца а тIеман инциденташ я тIеман тасадаларш ца хилийта гIерташ ю Туркойчоь, амма дерриг а дийр долуш ю шен кхерамазалла ларъян. Цу тайпа дIахьедар дина шинарин дийнахь Туркойчоьнан Iедалан векало. ПхоьалгIа де ду туркойн эскарш Шеман къилбаседа-малхбалехь тIеман операци дIахьош долу. Шеман территори тIехь шайн тIеман контингенташ йолчу Iамерко а, Оьрсийчоьно а кхайкхам бина туркошка, курдийн тIеман тобанашна тIелатар деш сатухуш хилахьара аьлла.

Radiomarsho.com 

Еврокомиссар саготта ву Дагестанехь "Мемориал" хьийзорна  

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Муйжниекс Нилса кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Дагестанера "Мемориал" хьийзор сацаде аьлла.    "Мемориалан" Дагестанерчу декъан белхан телефона тIе кхерамаш туьйсуш хаам баийтинера муьлш бу хууш боцучу наха шинарин дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина цигарчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочо Дациев Сиражудина дийцарехь, Цкъа дуьххьара кхерамаш туьйсуш SMS яийтина, вевзаш воцучу стага телефон тоьхна цьаьрга, оцу тIехь болу кхерамаш туьйсуш. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *