Нохчийн кегийрхон юкъаралла акци дIаяхьа лерина ю Iамеркана дуьхьал
Кадыров Рамзанан Инстаграм дIакъовларца доьзна, цунна гIортор еш, акци дIахьур ю нохчийн кегийрхоша. И хаам бина "Москоха дуьйцу" радиостанцига нохчийн кегийрхойн юкъараллан лидеро Тапаев Рустама. Цо бахарехь, масех кеп ю цара юьхьараэцна – аккаунташ дIакъовлар цхьабоса я посташ язъяр Кадыровна гIо лоцуш. "Мухха а гIо лоцур ду оха мехкан куьйгалхочун. ЧIогIа новкъадеана масарна а, цуьнан Инстаграмера аккаунт дIаяккхар. Тхох, кегийрхойх а хьакхаделла и", - аьлла Тапаевс. Шоьтан Iуьйранна дуьйна къевлина ю Кадыров Рамзанан Фейсбукера а... Читать дальше...