Нохчийн даар: Далнаш
Атарех йина далнаш вайнехан уггаре ширачу даарех ларало. Новкъа хир яц уьш таханлерачу Керлачу Шеран шуьнехь а! Уьш еш гойту Венерчу кхачан говзанчас Исханова Айзас.
Атарех йина далнаш вайнехан уггаре ширачу даарех ларало. Новкъа хир яц уьш таханлерачу Керлачу Шеран шуьнехь а! Уьш еш гойту Венерчу кхачан говзанчас Исханова Айзас.
24 шо хьалха, ГIура-беттан 31-чу дийнахь 1993-чу шарахь, Гуьржийчуьрчу Дзвели Хибула эвлахь кхелхира Гуьржийчоьнан хьалхара президент Гамсахурдиа Звиад. 1992-чу шарахь, дуьххьара Нохчийчохь Маршонан де даздtш, Соьлж-ГIала баьхкинчу хьешашна юкъахь вара гуьржийн лидер. ТIаьхьо, махкахь карчам хилча, Нохчийчохь хан яьккхира цо. Цу шерашкахь цуьнан тIаьххьара де тIекхаччалц Гамсахурдиана уллехь хилла ву президентан гIаролан куьйгалхо хилла Марголани Роберт. Маршо Радионна еллачу интервьюхь цо дагалоцу и хан.
Оьрсийчоьнан финансийн министралло федералан министрийн 2016-чу шарахь хиллачу алапех лаьцна хаам дIабаьккхина шен сайта тIера. Цунах лаьцна хаам бина РБК портало. Хьалхо цу министралло зорбане хаамаш баьхнера, шайна юкъахь цкъа далийна доцу федералан Iедалхойн алапаш а долуш. Цу хаамашца а догIуш, Iедалан белхахошна юкъахь стохка уггаре лакхара алапа оьцуш хилла финансийн министр Силуанов Антон – 1 миллион 730 эзар сом баттахь. Экономикан кхиаран министран беттан алапа хилла 2016-чу шарахь 1 миллион 270 эзар сом. Читать дальше...
Шемахь тIом беш волу тIемалойн хьалханча йийсаре ван лууш ву, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо шайца зIене ваьлла боху дош лелаш волу а, шен "куьйгакIеллахь бIеннаш эзарнаш" тIемалой болу а и стаг, хаам бо kp.ru сайто. "Иза ши-кхо кIира хьалха зIене велира, караван лууш вара иза. Хаьттира цуьнга: "Мичахь ю хьан "шайка""? Цо элира, хIаллакбина", - балийна шайн хиллачу къамелан чулацам Кадыровс РИА Новости агенталле. Цо чIагIдарехь, Шемахь баш бисина а бац Оьрсийчуьра схьабевлла нах тIемалошна юкъахь. Читать дальше...