Элдин Микаил. Йист йоцу мIаьрго
Элдин Микаил Йист йоцу мIаьрго Харц-дуьненан харц хилар ма Iорадели-кх тховса… Я сан гIорасизалла ю те иза орца доьхуш?… Хьайн мелаша-малийкаша вочух лардеш долу синан пекъар, Йилбазо ловзочу хьайн къинойх къахеташ тийжачу буса ма гIорасиз хуьлуш а хилла-кх… Дуьненна букъ берзийна, Далла дуьхьал вирзина эвлаяъ санна, ямартчу тешамна букъ берзийча, цхьаллин гIорасизалла юьсуш хилла-кх. Гезгамашош санна, суна гонаха бустамаш дохуш, сох хьерчачу кху даточу догIано, дуьне кхуллуш а, дохош а, Дала ша делхадо бохуш... Читать дальше...