Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Ноябрь
2018

Новости за 21.11.2018

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь зуда иккхина, я эккхийтина?

Шоьтадийнахь Соьлжа-ГIаличу боьдучу новкъахь лаьттачу № 21 йолчу блок-постехь ша-шен эккхийтина зудчо, иза елла, бахархойх цхьа а ца лазийна. Иштта бу полицино бина хаам. ТIаьхьо интернетехь яьржийначу видеоно цхьаболчу нехан шеко кхоьллина хиллачух.

Radiomarsho.com 

ДаьттагIа боьду некъ къовларна сингаттамехь бу бахархой

Сунжан кIоштарчу ДаьттагI эвла ницкъахоша нах чу ца буьту аьлла, хаамбо социалан машанерчу Фейсбукан агIонашкахь. "Федералан эскарийн тобанаш" дIагулъеш ю ДаьттагIа аьлла Дзангиев Ислама. Цо бахарехь, блок тоьхначу меттигехь иза а нисвелла хиллера. "40 минотехь ДаьттагIара ара ца бовлуьйтура", - яздо Дзангиевс. Йоккха гIовгIа эккхийтира оцу хаамо. "Там бара цигахь лаьтта бухахь лелхийтарш деш, мехкдаьтта даккха кечамаш беш хила. Цундела ГIалгIайчохь мохкбегабо-те?", - яздина Султыгов Саварбека. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Митингера нах къахко керла гIирс эцна Росгвардино

Лазеран эффектца бIаьрса а дойуш а, гIовгIанца адам къардолош техникан гIирс эцна Росгвардино, митинге гулбелларш дIасалахка Iалашонца. "Йиллина медиаш" хьостано бина и хаам, Стигалкъекъа-баттахь динчу контрактна тIе а тевжаш. "Газель" олучу микроавтобус чохь дIатарйина комплекс хир ю бIаьрса а дойуш, къорвеш. "Йилина медиаш" гIирсан информацица, тIаьххьарчу шина шерачохь Росгвардино "АСБ Плюс" компанигара "Шепот" олучу системан 128 турс эцна. Оцу гIирсо гIовгIанца Iаткъам бо къепе йохийначунна.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь талламаш бина косметологин салонашкахь

Цхьа могIа косметологин хьашташ кхочушден хIусамаш теллина Нохчийчохь республикан прокуроре могушаллин министро динчу дехарца. Талламаш дIахьочу тобанца хилла Роспотребнадзоран говзанчаш а. Салонаш зуьйш билгалдаьлла, санитаран-эпидемиологин низамаш кхочуш ца деш, цхьа могIа клиникашкахь бакъонаш талхийна меттигаш. Аминистративан жоьпе озийначу 22 хьокъехь материалаш кхеле дIакхачор ю Роспотребнадзоро гергарчу хенахь. Яхначу бIаьста низамашкахь болх беш йоцу косметологин, пластикан хирургин клиникаш  дIакъовлуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мисарахь ГIалгIайчуьра студенташ дIалецаран бахьана довзийтина

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло довзийтина гIалгIайн пхи студент Мисарахь дIалацаран бахьана. Царна хетарехь, оцу пачхьалкхехь еххачу ханна хила бакъо а йоцуш, доьшуш хилла цара. Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, Мисарахь ГIалгIайчуьра пхи студент дIалацарх кху беттан 7-чохь Iорадаккхарх. Кхо бутт гергга хан ю уьш дIабигина, амма тахана а церан кхолламах хууш дац аьлла, дийцинера цхьахволчун йишас. Каирерчу оьрсийн консулалле инцидентах официалехь бина хаам ца хиллера, кегийрхойн гергарчара хаийтинчул тIаьхьа бен... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хазбиев Мохьмад маьршаваккхар дехна адвокаташа

ГIалгIайн оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан гIуллакхца зуламан хIоттам бац, цундела иза лаьцначуьра дIахеца веза аьлла цуьнан адвокато Сабинин Андрейс. Цунна тIетайна адвокат Шаухалова Молтхан а. Маршо Радионо яздира, гIалгIайн оппозиционеран хьокъехь кхел кху аьхка дуьйна йолийна хиларх. ТIаьххьара шинаридийнахь хиллачу процессехь прокуроро 3, 5 шо хан йийхира Хазбиевна набахтехь яккха, иштта декхаре а веш 50 эзар сом гIуда такха. Бакъо йоцуш герз латтийна, Iедалхой сийсазбеш, къамелаш дина,... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путине кехат дахьийтинчу йоIа суицид йина

Шен ненан алапа лахара ду аьлла, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире арздинчу 14 шо долчу Смоленскан кIоштарчу йоIа ша шена тIе куьйг даьхьна. Меттигерчу хаамийн гIирсаша яздарехь, ишта латкъамаш беш хилла цо, школехь ша хьийзайо бохуш а. БIаьрса ледара хиларна, цуьнца доьшучу бераша "циклоп" аьлла, цIе тиллина хиллера цунна. Кхиазхочо суицид яле хьалха социалан машанехь статус хIоттийна хилла "Иштта дера стенна ду шу" аьлла. "Смоленскан халкъан газетано" хаамбарехь, еллачу йоьIан нана меттигерчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кабулехь динчу терактехь 50 стаг велла

ОвхIанистанан Iилман юкъараллан векалш гулбеллачу хIусамна тIелатар динера шинаридийнахь Iожалхочо. ОвхIанхойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало еллачу информацица, чевнаш йина кхин а 80 стагна. Кабулерчу аэропортна гергахь ду барам хIоттийна хилла хьешан цIа. Исламан дин кхион бIеннашкахь бусулбанаш гулбеллера цигахь. Студенташца цхьана КъурIан доьшуш, синбахамаллин фестивалан гурашкахь вовшахтоьхна барам хиллера иза.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *