Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2019

Новости за 27.03.2019

Radiomarsho.com 

Стенна къехка вовшех Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а муфтеш?

Кадыров Ахьмадан некъ базбечу конференцехь дакъа ца лаьцна Оьрсийчуьрчу бусалбанийн Урхалло "Динашна юкъара барт чIагIбен некъаш" цIе йолу дуьненаюкъара конференци дIаяхьна оршоьтадийнахь Москох. "Кремлний, Нохчийчоьнний юкъа барт буьллуш Кадыров Ахьмада къахьегарх" йолу тема а яра барамехь айдинчу къамелашлахь. Iеламнах хила ца Iаш, динан юкъараллашца зIе кхобу Президентан кхеташо а яра конференци вовшахтоьхначийн декъахь. 38 пачхьалкхера бара векалш. Къибаседа Кавказера конференце баьхкинчу Iеламнахалахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн бакъонаш ца йохийна Мордоверчу колонехь - Крутов

Мордоверчу Юкъараллин тергонан комисиин куьйгалхо Крутов Валерий хилла тутмакхаш шаьш-шайн гайш этIийначу № 5 колонехь. Чубоьхкинчу нахаца къамел динчул тIаьхьа колонин белхахоша низамаш дохийна меттиг ца карийна Крутовна, хаам бо "Обзор" зорбанан гIирсо. Цо дийцарехь, тутмакхаш шайн бакъонаш талхор лерина колонин белхахоша шайга мотт дIабаккха, къепе латтае, дегI меттах даккха арадовла алар. Чубоьхкинчарна, шайна юкъахь маситта нохчо а волуш, иза шайгахь догIуш дац аьлла хетта, билгадаьккхина Юкъараллин тергонан комисиин куьйгалхочо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шеларчу кхело тоьхна гIуда схьадаьккхина харцончера пурстоьпаша

Вуьйцург ву 32 шо долу Шелара вахархо. 2007-чу шарахь Iехийна шена вевзачу шина стеган машенаш йоьхкина ахча дайинера цо шен хьашташна. Эшам хиллачу наха кхеле веллера иза. Шеларчу суьдо бехке вира и стаг харцо лелорна, арахь яккха хан а, 100 эзар сом гIуда а тухуш. Делахь а ахча юхадала дагахь ца хиллера зуламхо. Пурстопаша баккъалла а набахте хьажор хьокъехь кехаташ кечдийр ду аьлла, кхерам тесначул тIаьхьа, реза хилла курхалча шена тIедожийна гIуда буьззинчу барамехь такха, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн оппозици митинге яьлла юха а. ХIун хилла?

Садовская Алёна Референдумах долчу низаман проект ца тайна цхьаболучарна Митинг йолийна Магасехь юха а. ГIалгIайчохь референдум хIотто магош долу бахьанаш къасточу низаман проекто гIаттийна оппозици. Стенна ца мега протестхошна и проект? Дечкен-бутт боьрзуш ГIалгIайн Республикан Халкъан Гуламо йийцарейира референдумах йолу проект, къобалйира иза коьртачу декъанна. Амма оцу хиламах лаьцна хаам ца баржийна Iедало кху баттахь бен. Цунна оьгIазъяхначу оппозицино сихонца митинге баьхна шен агIончаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Митингхойн лехамаш бух боцуш хета Евкуровна

Магасехь митинг вовшахтоьхначу нехан лехамаш бух боцуш бу аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, бахархошца кхеторан болх дIабахьар Iалашонца ша референдумах лаьцна низам юхадаьккхина хиларна. Цунах лаьцна дуьйцуш ду ГIалгIайчоьнан Iедалан сайтан тIехь. Дозанах а, референдумах а лаьцна дац хаттар, уьш ца хилча цу нахана кхин бахьанаш карор дара Iедалшна Iаткъам бан, боху Евкуровс. Цо дийцарехь, оппозицин цхьаболу векалш шайн Iалашонашка кхачархьамма хуъушехь харц къамелаш деш бу нахана юкъахь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Митинг дIасалоллуш лазийна нах бу Магасехь

Магасехь шинарин дийнахь хилла митинг хан йоцуш дIахьур ю аьлла майданехь севцна нах дIасалаьхкина полицино. "Кавказ.Реалиино" бинчу хаамца, цигахь хиллачу нахана кхузза тIелатар дина ницкъаллин структурийн белхахоша (цхьаболчу хаамашца уьш Росгвардин эскархой бара) -- Iуьйранна 4 даьлча а, 7 сахьт ах сахьт даьлча а, 8 сахьт даьллачул тIаьхьа а. Полисхоша чхьонкарш йиттина дуьхьалбеллачарна. И бахьана долуш маситта стаг лазийна ву. Митинган декъашхоша тIулгаш а, гIанташ а, цхьацца кхин йолу хIуманаш а тIекхиссина полицин белхахошна.

Radiomarsho.com 

Магас: Iедалца къийсалурш

Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь рогIера гулам хIоттийра ГIалгIайчоьнан оппозицино. Протестхой реза бац мехкан Iедало тIеэца кечдинчу референдумах долчу низаман проектна - Евкуровн администраци шен карадерзо гIерта мохк хийца а, кхечу регионах дIатоха а йолу бакъо, боху гуламхоша.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь шаьш-шайна болх беш бу 64% бахархой

Росстато дийцарехь, Оьрсийчохь 2018-чу шарахь алсамдаьлла, Iедалан тергонехь а боцуш, болх бечу бахархойн терахь. Иштта 2017-чу шарахь шаьш-шайна болх беш бечу бахархойн дакъа дара 19,8% (14,3 млн стаг). 2018-чу шарахь и гайтам бу 20,1% берриг а болх бечу бахархойх -- 14,6 млн гергга стаг. Уггар лакхара гайтам бу цу хьокъехь Нохчийчохь. Берриг а цу республикехь болх бийраш схьаэцча, шаьш-шайна болх беш бу 64% бахархой. Луларчу Дагестанехь, масала, и терахь ду 52%, ГIалгIайчохь – 48%.

Radiomarsho.com 

Аьхка а, Iай а хан ца хийцийта реза ю Европарламент

2021-чу шарахь дуьйна хан хийцарх лаьцна сацам шен лаамехь бийр бу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаша. Цу хьокъехь сацам бина шинарин дийнахь Европан парламенто. Карарчу хенахь лелачу кепаца, Европан Бертана юкъахь йолчу хIора пачхьалкхо Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу кIиранан дийнахь сахьташ аьхкенан хена тIе доху, ткъа ГIадужу-беттан тIаьххьарчу кIиранан дийнахь юхадоху Iаьнан хене. Европехь цу хьокъехь леррина таллам бича гучудаьлларг ду 84% респонденташ цамзанаш дехьа-сехьа хьийзорна дуьхьал хилар.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *