Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2020

Новости за 02.04.2020

Radiomarsho.com 

Путинан «гуманитаран акци». Американна медицинан гIирс боьхкина я совгIатна белла?

Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс шинарийдийнахь хаам баржийра, президента Путина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна совгIат деш, кема дуьззина медицинан гIирс дIахьажийна, аьлла. Доналд Трампан Путин Владимирца телефонехула хиллачу къамелан лорах дира Песковс дина дIахьедар. «Эпидемин хьал гIоьртина лаьтташ хиларе терра дара Оьрсийчоьнан агIор Американа медицинан техникаца, Iалашлучу гIирсаца гIо кховдор. Трампа баркаллица тIеэцна и гуманитаран кепара гIо», - элира Песковс.... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (02.04.2020)

Кадыровс чехийна совдегар, Молханаш детта урамашка, 328 млн делла Нохчийчоьнна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Вирусах воьлу немцойн кондитер

Германерчу Эрфурт гIаларчу кондитерна некъ карийна коронавирусо хIусамашна чубоьхкинчу нехан самукъадаккха. COVID-на гонах ду цо ша йоттучу десерташна ялош йолу кепаш, тIе дохку суьрташ.

Radiomarsho.com 

Къарйийр яц бокс коронавирусо

…Вай доьлу нохчийн кегийрхой дукха хьолехь доьналла, майралла, могашалла гойтучу спортанна тIера хиларх. Иза-м хазахетарца деш хуьлура вай! Европа а, Америка а яьккхина бу нохчийн охьатохархлатархой, боксераш, спортан массо а «ницкъаллин» кепашкахь. Боксан клуб ю Ниццера «Легион» а. Дуккха латархой кхиийна Францина, кхачийна мехкан а, Европан а толамашка оцу клубан тренеро Асхапов Мохьмада. …Бакъду, «ловзар ду массарна дерг» - тахана коронавирусо юкъахбаьккхина Мохьмадан а, «цуьнан берийн» а болх. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровс вуно оьгIазе чехийна Нохчийчохь вевзаш волу бизнесхо Ахметханов

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ганах баьхна Iедалхой а, муфтий а волуш, меттигерчу телеканалан камершна хьалха луьрчу кепара чехийна республикехь вевзаш волу совдегар Ахметханов Асланбек. Цхьаболчарна иза вевзаш ву "Черт (ШайтIа) Асланбек" аларца. Криминалан гонашкахь лоруш стаг а ву иза, хаам бо Кавказ.Реалиино.  Кадыров оьгIазвахийтинарг яра Ахметханов сакъоьруш волуш яьккхина видео. Цу тIехь совдегаро неIалт олу малар дихинчунна, тапча а кхуьссу. Гарехь, иза хуьлуш ду республикехь кхайкхийна карантин а йолуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Адыгей: "КIезиг бу ненан маттахь язден авторш"

Черкес Лариса,                                                                                                "Кавказ.Реалии" Адыгейрчу туьканашкахь хала ду къоман маттахь арахецна литература каро, ца тоьу ненан меттан Iаматаш. Берашна пайде язораш дацарх тоьшалла до шаьш яздархоша а. Амма Адыгей Республикан гуманитаран талламийн институтехь кхин боху. Ненан мотт Iалашбан а, Iамо а лерина йолу программа кхочушъеш, зорба тоьхна Iаматашна, электронан кепе ерзийна дуккха а книгаш, арахецна туьйранаш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Декъий чудахка 100 эзар гали дехна Пентагоне федералан Iедало

Америкехь коронавирус яржарца доьзна хьал чолхечу долуш а долуш, декъий чудахка 100 эзар гали дехна Пентагоне федералан Iедало. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портало Reuters агенталлана тIе а тевжаш. Президента Трамп Дональда а, адамийн могушалла ларъярехула болчу цуьнан коьртачу хьехамчаша а кхайкхам бина Американ бахархошка, коронавирусах кхалха мегаш 100 эзар стаг а волуш, гергарчу "халачу шина кIиранах" вовшашна улле ца гIерташ вуно чIогIа лардахьара социалан дистанци ларярца доьзна низам аьлла.

Radiomarsho.com 

ТIедогIучу кIиранах а садоIур ду Оьрсийчуьрчу бахархоша

ТIедогIу кIира – Оханан-беттан 6-12 денош – болх ца бен кIира кхайкхийна Оьрсийчохь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, "Коммерсантна" тIе а тевжаш. И сацам тIеэцна дистанцин кхеташо дIахьош президента Путин Владимира. Болх ца бен хан яхъян езара аьлла хьахийнера Роспотребнадзоран куьйгалхочо, коьртачу санитаран лоьро Попова Аннас а, вице-премьеро Голикова Татьянас а. Поповас дагадаийтира коронавирусан инкубацин мур 14 де хилар, цундела иза кхечу цхьана адамо кхечуьнга дIало зIе хадо оьшу хан а ю 14 де. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Коронавирусца къийсам латто 328 миллион сом делла Нохчийчоьнна

Оьрсийчоьнан бюджетера 328 миллион сом хьажор ду Нохчийчу. И ахча дайа дезаш ду меттигерчу Iедалша вирус хьакхаеллачу бахархошна дарба лело маьнганаш кечдеш а, дарбанан цIеношна лоьрийн гIирс оьцуш а. Цунах лаьцна хаам гучубаьлла низамашца боьзна хаамаш бовзуьйтучу Оьрсийчоьнан Iедалан официалан интернет-порталехь.

Radiomarsho.com 

Урамашкахь лазаре микробаш молханашца яйар долийна Соьлж-ГIалахь

Урамашкахь а, царна уллерчу территорина тIехь а лазаре микробаш молханашца яйар долийна Соьлж-ГIалахь. Оцу гIуллакхана юкъаозийна ю 19 машен. И болх муха дIабоьду хьажа ваханчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, молханаш тухучу нахана гIо деш бу ницкъаллин структурийн белхахой, шайна юкъахь Росгвардин эскархой а болуш. Соьлж-ГIалан мэр волчу Хаджимурадов Iийсас бинчу хаамца, урамашна молханаш тохар дIахьура ду хIора денна, догIа доьлху денош бен юкъах ца довлуьйтуш.


Незаконные строения автотехнического комплекса и заправку демонтировали в районе Нагатинский Затон

Дорожная обстановка в Московской области утром 19 июня

В Молдове собираются наказать спортсменов за участие в Играх БРИКС

ФАС поддержала инициативу о запрете экспорта дизеля для перекупщиков



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Незаконные строения автотехнического комплекса и заправку демонтировали в районе Нагатинский Затон

Экскурсовод из Петербурга прошел аттестацию по 11 субъектам РФ

В Молдове собираются наказать спортсменов за участие в Играх БРИКС

Подмосковное УФАС оштрафовало ООО «Арбат» за нарушение закона о рекламе

Музыкальные новости

В столице Бурятии в городе Улан-Удэ в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Более 500 спортсменов поучаствовали в фестивале «Спорт для всех» в Мытищах

Автопробег в честь Дня России прошел в Ленинском округе

В "Атомайз" рассказали о смарт-контракте как главной составляющей ЦФА

Новости России

Глава Совета по правам человека призвал повысить зарплаты врачам в СИЗО и колониях

Дорожная обстановка в Московской области утром 19 июня

ФАС поддержала инициативу о запрете экспорта дизеля для перекупщиков

В Молдове собираются наказать спортсменов за участие в Играх БРИКС

Экология в России и мире

Сохраним океан для планеты с Waldorf Astoria Seychelles Platte Island

Фрукт с сюрпризом: доктор Кутушов рассказал, чем опасен съеденный червь

Триумфальное возвращение Льва Лещенко на сцену спустя месяцы затишья. Артист презентовал дуэт с солистом группы “Парк Горького” Сергеем АРУТЮНОВЫМ

Доктор Кутушов: не стоит носить кроссовки в жару

Спорт в России и мире

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Самсонова поддержала Андрееску после победы над ней в финале турнира в Хертогенбосхе

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Moscow.media

Чемпионат и Первенство Москвы и Московской области по автокроссу

Мост в Нагатинском затоне готовят к установке пилонов

Проект «Энерго Сервис» и Деснола номинирован на конкурс «1С:Проект года»

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *