Нохчийчохь экстремисташ лоьху, Шемахь – нохчийн бераш, Францехь – гIалгIа вийнарг
КIиранан хиламаш Оршот Чимаев- UFC-толам. Лас-Вегасерчу Fight Night 178 турнирехь Америкера латархо Миршерт Джеральд эшийначу Швецерчу нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата ша чIогIа цецвьккхина, элира UFC-юкъараллин куьйгалхочо Уайт Данас. "Цкъа тоьхна. 17 секундехь. И кIант ша-башха ву ", - яздина Уайта твиттерехь. Шоьтан сарахь латар доладеллачу 17 секундехь накаутца шена дуьхьаллаьтта Миршерт Дональд а эшош, UFC-н толам баьккхира 26 шо долчу Чимаев Хьамзата. Кхузза летта иза UFC-хь, тоьлла кхуззе а. Читать дальше...