Къилбаседа Кавказан цIарах Думерчу ялх депутато пхеа шерачохь дош хазийна дац
Пачхьалкхан думехь пхеа шарахь цхьана а кхеташонехь дош аьлла, бистхилла бац Къилбаседа Кавказерчу мехкийн - Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Адыгейн а цIарах болу депутаташ. Халкъо хаьржинчара низамаш юкъадахарехь бинчу белхан хьесап а дина, Znak.com, "Важные истории" гIирсаша дийцина "бага хи лаьцча" санна, цхьана а кепара "инициатива йоцчу" депутатех. Парламентан лахарчу палатехь шаьш белхаш бечу юкъанна я думин трибуни тIера а, я шайн белхан меттигашкара бист ца хиллачу 22 депутаташлахь билгалбаьхна Къилбаседа Кавказан векалш а цхьана. Читать дальше...