Къилбаседа Кавказехь 64 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 1 298 – цомгуш хилла
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 64 пациент, цомгуш хилла кхин 1 298. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 27 вахархо, Дагестанехь - кхойтта, Ставропол-махкахь -ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь - виъ, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - кхоккха, Адыгейхь - цхьаъ. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 623 стаг, боху официало. Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Адыгейхь. Читать дальше...