КадыровгIар Балканашкахь: хьанна оьшу иза – бусалбанашна я Путинна?
ТIаьххьарчу шина бетта чохь Балканаш хьахочу хаамашкахь яьхна "Кадыров" цIе. Дуьйцура, Сербехь хьумаршан Кадыров Ахьмадан, Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхочун ден, цIе тиллина урамна, цуьнан цIе лелор ю цигахь йилла леринчу хьафизийн хьуьжаро, бохуш. Кадыровн-воккхахчун цIе туьллур ю аьлла парканна Къилбаседа Македонехь. Боснехь а хир ю Кадыровн Ахьмадан парк, цул совнах, тIай хир ду Кадыров Рамзанан цIе лелош. Хьехавора Нохчийчоьнан таханлера куьйгалхо Сербин Республикан а, Боснин а, Герцоговинан а фестивалехь. Читать дальше...