Домодедовохь теракт дарна хантоьхнарг ФСИН-ца къийсалуш ву набахтерачу хьелашна тIехула
Домодедово аэропортехь теракт кечдаран гIуллакхна тIехула бехкевечу 31 шо долчу Яндиев Ислама Москва гIалин кхеле арз дина Оьрсийчоьнан Федералан ТаIзар Кхочушдаран Урхаллина (ФСИН), талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а долчу хьелашна латкъамбеш. "Довхочо доьху, Оьрсийчоьнан ФСИН-н ФКУ ИК-6, ОИК-5 ша латтийначу изоляторшкара хьал талхийна, шена динчу зенна дуьхьал компенсаци яккхар", - аьлла ду Москварчу Замоскворецкан кIоштан кхеле кхаьчначу кехата тIехь (Кавказ.Реалиигахь ю кехатан копи- Редакци)... Читать дальше...