Германихь таIзар кхайкхийна Кадыровн критикна тIелатар кечдинчунна
Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина – Абдурахманов Мухьаммадна кIело кечйеш хилла аьлла, Мюнхенера Лаккхара лаьттан кхело бехке лерина Нохчийчуьра вахархо Дадакаев Валид. Набахтехь даккха итт шо хан тоьхна цунна. Процессан куьйгалхочо, суьдхочо Виснер Кристофа дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "пурбанца а, цо къобалдарца а, интересашкахь а" кечйина йара кIело аьлла, хаамбина Deutsche Welle гIирсо. Иштта кхелана къаьстина, и зулам тIедиллинарг Кадыровн шича хилар а. Читать дальше...