Кубанера а, Къилбаседа Кавказера а полицихь таIзарш дарх гIуллакхийн кхаа деккъах шиъ бен толлур дац
Къилбаседа Кавказан федералан гонийн регионашкахь полицихь Iазапаш хьегийтарх бехкзуламан гIуллакхаш доладо 28% процент дIахьедаршкахь, дисина 72 процент тергамза дуьту талламо. Краснодаран кIоштахь гIуллакх ца досту бала хьегначара чукхачийначу 65% дIахьедаршкахула. Цунах лаьцна йаздо "Iазапашна дуьхьал Командин" "Арифметика пыток" аьллачу керлачу рапортехь. Полицихь ницкъбарх толлуш доцчу гIуллакхийн терахьашца Кубань а, Кавказ а шолгIачу а, кхоалгIачу а меттигашкахь йу организацин филиалашлахь. Читать дальше...