КIантана ницкъбина аьлла дина таIзар йухадаккхийтина Нохчийчуьра йахархочо – зуламна марзхой бехкебо цо
Шен кIантана тIехь гIело латтийна аьлла, бехкейина, хьалхо колонихь даккха кхо шой ахшой тоьхначу мехкан йахархочун Чергизбиева Миланин гIуллакх йухалиста хьажийна Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело. ТаIзар динчо чIагIдо, шен кIантана ша йиттина аьлла, кхеле озайайтина шен хIусамден гергарнаш бу бехке аьлла. "ХIоразза а, шен кIант дIавуьгучу хенахь, цунна гуш хиллера иза цомгаш, меца, боьха, тIехь чевнаш йолуш….Марнанас бага лейора, аьшнаш йора, сардамаш духкура цунна, кIант гойтур вац ша олура. И девнаш къестон йукъагIуртура меттигера имамаш... Читать дальше...