Ломара Карабахехь тIом сацор бу. Азербайджанан билламашца
Ломара Карабах аьлла дIакхайкхийначу республикин векалша дIахьедина гезгамашин-беттан 10-чохь делкъанна сахьт даьлча дуьйна герзаш совцор ду шаьш аьлла. Азербайджанан тIеман министралло хаам тIечIагIбина. Къобалйазчу республикин Iедалш азербайджанхойн агIонан доллу тIедахкаршна реза хилла, кху деношкахь Ломара Карабахера эрмалойн позицещна йуха а тохарш долийнера цара, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Доккхачу декъанна, хаамехь билгалдаьккхина, Ломара Карабахера эрмалойн герзашца вовшахтоьхна тобанаш дIасайохор йу... Читать дальше...