Нохчийчуьра вахархочунна гIуда тоьхна оппозицин каналан чатехь комментарий йитарна
Меттигера вахархо Мадаев Адам экстремизмана бехке лаьрра Гуьмса гIалин кхело мехкан Iедалхошна оппозицихь йолчу 1АДАТ телеграм-каналан чатехь йоза дарна. Итт эзар сом гIуда хьарчийна цунах. Кхелан сацамца а догIуш, чатехь "Adam" ("shishan63" йу цуьнан ник) аьлла, йазвеллачу Нохчийчуьра вахархочо комментарий йитинера. Полицина экстремистийн хеттера иза, "къаьмнашна а, динашна а йукъахь гамо" йаржош. Комментарийн текст кхело ца гойту. Кхелехь Мадаев Адам къера хилира, цр дIахьедира, ша дохковаларх а. Читать дальше...