Кадыров Ахьмадан Москварчу хIолламна улле хьакхин корта кхоьссина вевзаш воцучо
Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан Москварчу Къилбаседа Бутоверчу хIолламна улле хьакхин корта а, бекон а йиллина вевзаш воцчу стага. ЦхьамогIа телеграм-каналашкахь гучуйелира и деш йаьккхина видео, тIаккха и дарна Барнаулера 19 шо долу жимстаг лаьцна боху. Москвахула йолчу ницкъаллин хьукматийн сайташкахь хиллачух дуьйцуш дац. Бусулбачу наханна магийна йоцучу хьакхин дакъош Кадыров Ахьмадан цIарх болчу урамера хIолламна улле кхоьссира, Москвахь кхин а цхьаъ маьждиг дийр ду аьлла хаамаш баьржича, дуьйцу Baza телеграм-канало. Читать дальше...