Нохчийчоьнан куьйгалхочун невцана регионан лаккхара совгIат делла – Кадыровн цIарх орден
Нохчийчоьнан лаккхара совгIат – Кадыровн цIарх орден – кхаьчна йуьртбахаман министрана, регионан урхаллин хьалханчан гIовсана Мацуев Висханна. Республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхахйолчу Iойан Iайшатан хIусамда ву иза – хьалхо Iайшат вице-премьеран дарже хIоттийра. СовгIат даларх Кадыровс шен телеграм-каналехь дийцира – йуьртбахаман белхахочун денна лерина дара иза. Цо бахарехь, 26 шо долу Мацуев "аьхка бен ца хIоьттина министраллин куьйгалле, амма хIинцлеа а кхиамаш гуш бу" – иза гойту "массо а агIор кхуьучу жамIаша". Читать дальше...