"Декъашна тIехь харжамаш". Кадыров Ахьмадах муха вира Нохчийчоьнан президент
ГIадужу-беттан 5-гIа де – нийса 20 шо кхечира Оьрсийчоьнан декъахь а йолуш, Нохчийчохь духхьара президентан харжамаш хилла. Хи а доцчу гIалахь херцаршна тIехь харжамхойн кампани, ницкъахой тIе а хIиттийна, журналисташна концерташ хIиттор шайна товш боцчу кандидаташна Кремло Iаткъамбар, къайла а ца хьош, кхаьжнашца харцонаш лелор, "бинжолаг", эскархоша го бинчу гIишло чохь кхаьжнаш дагардар - иштачу хьелашкахь 2003-чу шарахь республикин президент хилира Оьрсийчоьнехьа вирзина Ичкерин хилла муфтий... Читать дальше...