Маршо Радион тIаьххьара керланаш (27.04.2020)
Нохчийчохь эшна йогIу вирус, карантин йохийначарна гIуданаш диттина, школаш кийча яц
Нохчийчохь эшна йогIу вирус, карантин йохийначарна гIуданаш диттина, школаш кийча яц
Нохчийчуьра схьаваьлла Гакаев Мохьмад-Хьусейн карарчу хенахь Европехь политикан тховкIело йоьхуш ву. ЦIера Соьлжа-ГIалара ву иза, бизнесхо, гIишлошъярхо ву. Юридикан доьшийла чекхъяккхаза висира иза. Гакаевс бахарехь, Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, хIара Ичкерин эскархойх дIакхетча юкъахделира цуьнан дешар. 2001-чу шарахь "Врачи без границ" миссин куьйгалхо Глак Кеннет лачкъорна бехкевира жима стаг. ТIаьхьо набахтехь иттех шо даьккхира Гакаевс. Iамеркера лор лацарх а, иза маьршаваккхарх а, тIеман... Читать дальше...
Беттан юьххьехь коронавирусан ун даьлла дарбан цIийне охьавиллина хилла нохчийн политик Закаев Ахьмад Лондонерчу клиникера аравалийтина, яздо "Кавказ.Реалиино. Лоьраша изоляцехь Iар тIедожийна Ахьмад, шен цIахь ву карарчу хенахь. Кризис тIехяьлла хилар, хаало шена боху цо. Муха болх бо Великобританерчу лоьраша пандемин хьелашкахь, хIун нийса дац Нохчийчохь хIоттийначу карантинца, хIунда харц бу коронаскептикаш? Оцу хеттаршна жоьпаш делира Закаев Ахьмада "Кавказ.Реалии" зорбан гIирсе.
ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Къилбаседа Кавказехь пхи стаг велла коронавирусах, 424 вахархочух ун кхетта. Коронавирус ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабан информацица, COVID-19 вирусах ГIалгIайчохь велла 4 пациент, цхьаъ Кхарачойн Чергазийчохь. Верриг а Къилбаседа Кавказан регионашкахь инфекцех кхелхина 67 стаг. ТIаьххьарчу буса ун даьлларш къаьсттина дукха бу Дагестанехь - 167. Дагестанехь +167 (верриг а 994 вара эпидеми яьржичхаьна) Краснодаран кIоштахь +57 (837) Къилба ХIирийчохь +53... Читать дальше...
"Политикийн репрессешна дуьхьал наной" организацино кхайкхамбина, политикан бух тIехь нах сецош меттигаш хуучаьрга массаьрга а, шайх схьа а кхетий, пачхаьлкхан Iедалхошна зуламаш совцадар тIедожаде аьлла. Ишта цара кхайкхамбо, политикан тутмакхаш маьршабахар тIедуьллуш а. "Дождь" телеканало бина цунах лаьцна хаам, яздо Свобода Радионо. "Вирус дIагIур ю, ткъа политикаца доьзна лецарш дуьсур ду" аьлла, видео дIаязйина "Москван гIуллакхца" а, "Сети", "Новое величие", "Хизб ут-Тахрир", "Ростовн" а гIуллакхашца бехкебинчийн наноша а... Читать дальше...
Коронавирусах ун даьлла кхин а ши стаг кхелхина ГIалгIайчохь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а, яздо "Кавказский узел" агенталло. Верриг а хIинца 17 стаг ву цигахь велларг. COVID-19 вирус кхетта ву ГIалгIайчохь, кIиранан суьйранна бинчу тIаьххьарчу хаамца, 515 стаг. Царах 48 реанимацехь чолхечу хьолехь ву. Оперативан шатабан хаамашца, верриг а коронавирусан симптомашца дарбан хIусамашкахь охьавиллинера 407 стаг, царах 200 вахархочунна ун даьлла хилар тIечIагIдина. Дарба хилла ву - 15. Карарчу хенахь... Читать дальше...
Шинарин дийнахь дIакхайкхийна ю Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран губернаторшца видеоконференцин режимехь кхеташо, яздо МК.RU зорбан гIирсо. Стигалкъекъа-беттан дезденош чекхдовллалц мукъаденош дIадахдаре сатуьйсу регионийн цхьаболчу куьйгалхоша. Вологодскан кIоштан губернатор тешна ву, карабогIучу беттан 11-чу дийне кхаччалц мукъаденош кхайкхор ду аьлла. Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, тIедогIучу кIиранах Путин бахархошка вистхила тарло, коронавирусца... Читать дальше...
Изоляцин а, карантинан а низамаш дохийначу 42 стагана дуьхьал административан гIуллакхаш даьхна Нохчийчохь, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Цуьнца доьзна даккхий гIуданаш кхачадо царна. "Коронавирусан ун даржа кхерам лаьттачу юкъана административан жоьпалла тIедожош практикан мониторинг ю дIахьош. Долчу зерашца, изоляцин а, карантинан а раж йохийначарна дуьхьал айдина 42 гIуллакх 6.3 а, 20.6.1. артиклашца. Бахархошна даккхий гIуданаш деттар хьоьху лелачу низамашца", - аьлла, хаам бина республикан прокуратурехь.
Мархийн баттахь бIеннаш эзарнаш бусалбанаш богIуш хиллехь а, тахана масех стаг бен вац гуш дуьненахь уггар а доккхачу Маккарчу маьждигехь. Коронавирусан пандеми хилар бахьана долуш СаIудийн Iаьбийчоьнан Iедалша юкъадаьхна цкъа а ца хилла дехкарш.
Шен хеннахь дозанаш детташ, оьшу барамаш дIабахьарца доьзна Нохчийчохь COVID-19 вирусца лаьтта хьал даьржина ца хилийта таро хилла шайн аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Новости" агенталло бина цунах лаьцна хаам. Коронавирусца къийсам латтон Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан информацица, тIаьххьарчу дийнахь-бусий 20-25 стагца коронавирус къаьстина. "Шен хеннахь дозанаш тохар бахьана долуш, республикехь коронавирусан инфекцех ситуаци контролехь латто таро хилла", - аьлла, яздина Кадыровс шен Твиттерехь. Читать дальше...