Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2019

Новости за 14.05.2019

Radiomarsho.com 

"Медузас" яздо, Донбассехь оьрсийн паспорташ доькъуш ду аьлла

Малхбалерчу Украинера сепаратисташа шайгахь латточу кIоштийн бахархоша оьрсийн паспорташ эца кехаташ чулуш ду, Киевс контролехь латтош йоцчу пачхьалкхан дозан тIехь, Оьрсийчу дIа а ца боьлхуш. Оьрсийн Iедалхоша паспорташ дIалун пункт аьлла, цIе тиллинчу Ростовн кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъошкахь чуоьцу документаш сепаратистийн Iедалхойн органашкара. Оцу регионерчу "Медузас" яздо цунах шен репортажехь. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира байначу беттан 24-чохь куьйгъяздира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: декъаза ву сан хьоме вежарий аьшнашбан ваьхьнарг

"ВКонтактерчу" шен пена тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана жоп делла Дагестанерчу  dibir_boroda_05 ник лелочу блогеро, социалан машанашкахь маьттаза комментареш язъечу нохчийн кегийрхошна тIеIаткъамбар доьхуш, бинчу кхайкхамна. Социалан машанехь стаг аьшнашвеш леларш "шайн ворхIе а дайн юьхь ларъеш, бакъболу къонахий бац уьш, божарий хилар доцург" аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс. "Декъаза ву, сан хьоме Вежарий – ГIалгIай а, Дагестанхой а сийсазбан ваьхьнарг!  Халачу заманчохь тхоьца бепиган а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кавказхоша къайлах лело бизнес бахьана долуш лакхадаьлла газах декхар

Газах а, тоьках а декхарш гулдаларн коьрта бахьана - Къилбаседа Кавказехь къайлах бизнес лелош хилар ду аьлла Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалхочо Чеботарев Сергейс. "Хуьлийла иза кибарчикаш ен, йа мехкадаьтта доккху жима индустри, йа ораматаш кхиаен чоь, къайлах латтош ю уьш, амма газ а, ток а ягайо цара. Оцу хьаштех декхар тIедужу бахархошна а, официалехь болх бечу организацешна а, индустрина а", - аьлла Чеботаревс "Новости" агенталле. Къилбаседа Кавказехь дерриг а газах а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Трампан Венгрин премьер-министрца цхьанакхетар емалдина демократаша

Европано бусулба мухIажирш тIеэцарца доьзна шен радикалан хьежамашца волу Венгрин премьер-министр Орбан Виктор КIайчу цIийнехь тIеэцарна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу демократаша емалвина президент Трамп Доналд. Оршотдийнахь КIайчу цIийнехь цхьанакхеттера Орбан а, Трамп а. "Авторитаран лидершна тIерахиларна" а, "Iамеркан мехаллашна ямартваларна" а бехкбиллина Сенатерчу Демократин фракцин куьйгаллан декъахочо Дурбин Дика Трампна. Хьахийна демократаша Iамеркан президенто Путин Владимирх а, Цзиньпин Сих а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лоьрийн гIо эшна хилла Мачаликашвили Малхазна

Маршо Радион гуьржийн сервисо хаамбарца, яхначу буса лоьрийн гIо эшна хилла Мачаликашвили Малхазна. Панкисин бахархоша Тбилисин цхьахйолчу клинике кхачийна, масийтта баттахь Тбилисерчу парламентан гIишлона хьалха протестан акци латтийна волу иза. "Сила в единстве" цIарца лелачу антиоккупацин боламан лидеро Кацарава Давида бина цунах хаам, Мачаликашвилигара хьал хаа веанчу. "Клинике валийна Ваха. Вон хиллера цунна (даго хьийзош ву иза, диабет а ю цуьнан)", - яздина Фейсбукерчу шен пена тIехь Кацаравас. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эрмалойчоьнан президент лаьттинчу Кочарянан довхаттар долийна

"Конституцин хIоттам бохорна" аьлла, бехкевинчу 64 шо долчу Эрмалойчоьнан хиллачу президентан Кочарян Робертан дов листар долийна оршотдийнахь. Оцу артиклца а догIуш, 15 шо хан кхачон тарло цунна. Кхелан система муьтIахь йолчу керлачу Iедалхоша ша бехк боцуш юьхьарлаьцна аьлла AFP агенталле Кочаряна. 2008-чу шеран Зазадоккху-беттан 1-2-чу а деношкахь хиллачу хиламашна бехкелору Кочарян. ХIетахь протестхой дIасалохкучу заманчохь гулбеллачарлахь 10 стаг велира. Протесташ йолийнера махкахь, коьртехь хьалхара президент а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Магасехь протесташкахь дакъалаьцна кхи цхьа жигархо а лаьцна

Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарна дуьхьал йолийначу протестийн кхи цхьа декъашхо Оздоев Ризван лаьцна ГIалгIайчохь. "МБХ медиа" хьостане меттигерчу "Яблоко" партин куьйгалхочо Муцольгов Руслана дийцарехь, яхначу буса дIалаьцна Оздоев, Магасехь йоьдучу митингехь ницкъаллийн структурийн белхахочунна дуьхьал ницкъ баьккхина аьлла, бехке а вина. Оцу артиклехь бехк айбинчех 25-гIа хилла Оздоев. Хьалхо 10 эзар сом гIуда тоьхнера жигархочунна протестан акцехь дакъалацарна аьлла. Маршо Радионо ма-яздарра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Нохчийн мафи" – немцойн прессина хетарг, я долушдерг?

Муха мах хадабо шайх лаьцна меттигерчу журналисташа яздечун Германерчу нохчаша Der Spiegel уггар даккхийчу журналех ду пачхьалкхехь. "БКА-но нохчийн мафех ларло боху" аьлла ю цо деношкахь арахецначу дIахьедаран цIе [БKA – Германин криминалан полицин урхалла]. Артикло дийцарехь, зуламхойх яьккхина ю цигара нохчийн диаспора, бесташ бу цо махканна бохьу бала. Тамашениг ду дерриг а хаа декхаре а, хаъалц талламаш дIакхехьа а шена тIехь долчу полицин хьукмато "кеп-кепарчу зуламийн декъахь хила тарло [редакцин билгалдаккхар] нохчий" бахар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Белгино схьавеллачу Гехаевс тIе ца дуьту шена дохку бехкаш

Терроризмна ахчанца ша гIо дина бохург бакъ дац аьла, Белгин Iедалша Оьрсийчоьне дIавеллачу Нохчийчуьрчу вахархочо Гехаев Аслана. Цуьнан шича кхуьнгара ахча а даьккхина Шема дIавхана хилла. Гехаевна хууш дацара, цунна ахча стенна оьшуш ду бохуш, чIагIдо тешаша. Хьалхара дов хоттуш кхелахойн ладегIарш дIадаьхьна Ростов гIаларчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело оршотдийнахь. ЦIера дIасавалар а дихкина, шен цIахь латтош волу Гехаев валийра кхелан процессе. Суьдхойн версица а догIуш, иза бехкево терроризмна финансашца гIо дарна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIемалой бу аьлла 9 стаг лаьцна Нохчийчохь

Шайгахь гранаташ а, герзаш а долуш гIаттамхой бу аьлла, шеконашца исс стаг дIалаьцна Нохчийчохь аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталло. "Хьалхо хиллачу хаамашца, гIаттамхойн тоба вовшахтоьхна 21 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочо Соьлжа-гIалахь. Ша хьалханча воцург а, 8 стаг хилла цу юкъахь", - аьлла, дийцина агенталле церан хьостано. Ишта цо дийцарехь, Охан-баттахь дуьйна дIалаьцна хилла и кегийнах, лоцучу заманчохь цаьргара схьаяьхна гранаташ а, герз а. Дуьненаюкъарчу террорхойн тобанашца боьзна хиллий хууш дац кегийрхой аьлла... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *