Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2019

Новости за 17.05.2019

Radiomarsho.com 

Протестхочун Погоров Ахьмадан цIийнах а хьоьвсина, цуьнан гергарнаш дIабигина

ГIалгIайн къоман Дуьненчуьрчу конгрессан куьйгалхо волчу Погоров Ахьмадан а, цуьнан гергарчийн а Карабулакерчу цIийнах хьоьвсина полисхой. ДIалаьцна Погоровн вешин ши кIант а, ваша а, хаамбо адвокато Беков Мохьмада. Байначу беттан 25-чохь дуьйна долийнера Погоровн а, цуьнан гергарчийн а хIусамех талламаш бар.  Полисхой бахкале хьалха ша кхайкхамбинера ГIалгIайчоьнан Iедалшка, лецна латтош болу жигархой маьршабаха аьлла, билгалдаьккхина Погоровс. Охан-беттан 27-чохь федералан лехамашка веллера Погоров Ахьмад. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу бизнесхоша гIалгIайн бахархошна 3 тонн хурманаш елла марха даста

ГIалгIайн гIоьналлин "Тешам" фонде 3 тонн хурманаш дIакхачийна Дагестанерчу бизнесхоша, безачу Рамадан баттахь таронаш йоцчу нахе марха дастийта аьлла. "Кавказ.Реалии" портале "Тешам" фрндо дийцарца, шайн цIераш йовзийта дуьхьал хилла бизнесхой. "Цкъа делахь, марха дастийта аьлла, еана ю уьш, шолгIа делахь, шайн тхоьца вежараллин гергарло дуйла дIахаийта, тIаьххьарчу заманчохь вайна юкъахь хиламаш белахь а, стаг муьлххачу къомах хиларх, муьлхха мотт буьйцуш велахь а, тхо шун вежарий ду аьллачу ойланца дина совгIат ду и"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинан Лакхарчу кхело тховкIело ца ло Бельтоевна

Украинерчу миграцин хьукматна дуьхьал Лакхарчу кхеле даьккхинчу  гIуллакхехь эшна Ханты-Мансийскехь вехаш хилла 26 шо долу Бельтоев Ислам. Vayfond-о бина цунах хаам. Жимчу стага дийцарехь, миграцин белхахой болчу шен мухIажиран статусах кехатан хан дIаяхъяйта ваханчу заманчохь хиъна цунна Лакхарчу кхелан сацамах. "Дуьхьалбевлира уьш сан хан яхъян, хIунда аьлча. Лакхарчу кхело дуьхьало йинера", - дуьйцу Бельтоевс. Украинан территори тIехь ваха елла хан чекхъяьлла цуьнан кху беттан 12-чохь дуьйна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Баттахь 1,3 миллион бен ца доккхуш ваха мел хала ду

Магомедов Назим Махкарчу хьолан юкъаметтигийн министр Газаров Алексей вуно доккха хьал долуш стаг ву, Канадехь эцна цIа а ду, шен бераш дозанал арахьа а кхиадо цо, боху Ставрополерчу журналисташа. "КоммерсантЪ" газета дара Газаров "Iораваьккхинарг", аьлча а, Канадера 160 квадрат метрах лаьтта цуьнан доьзалан (цигахь дехачу деа берах шинна тIеяздина) цIа довзийтинарг. Амма декларацеша кхин дуьйцу – цаьрга ладоьгIча, берийн долахь яц, царна Канадехь баха лаьцна ю и хIусам. "Регионийн депутаташ юкъаралло шайн болх... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Блогер Тумсо: "Хьан цхьа а ца вийна тIамо, Кадыров"

Интернетехь шена критика ечаьрга махкарчу тIамехь чуьра стаг веллачу бахархойн хIусамашкахула чекх а буьйлуш, цаьрга хатта, шуна тIом оьший аьлла, хьалхо кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жоп делла оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Шен чуьра истори йийцина блогеро. 2001-чу шарахь цуьнан воккхахволу ваша вийна оьрсийн эскарша, вешин кIант вийна 2000-чу шарахь Соьлжа-гIалара араволучу заманчохь ("оьрсийн салтиша вийна иза а, тхуна иза стенгахь дIавоьллина ву а ца хаьа"). Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Телефонехула "йоьхкина бомбанаш" лоьху Iедало юха а

Къилбаседа Кавказехь "телефонан терроризм" йолаелла юха а. Йоьллина бомба ю аьлла бевзашбоцучара полице хаамаш бина аэропортийн, цIерпоштан, автобусан социйлийн, туьканийн, школийн, дарбан цIенойн хьокъехь массех гIалахь. Цхьаьнхьа я кхучунхьа бомба йоьллина олий, Iедале хаамбар юкъадаьккхира 2000-лагIа шераш дуьйлалуш. ХIетахь оцу харц-хаамийн авторш хуьлура школашкара бераш, институташкара студенташ – Iалашоне эцна нислора экзамен, я кхиболу хаарш зеран барамаш юкъахбахар. Цул тIаьхьа долийра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нах хьийзийна ФСБ-н хилла белхахо набахтера хенал а хьалха маьршаваьккхина

ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центрехь нахана тIехь къизаллаш лелийна аьлла, стохка  кхел йина Центран белхахо Цороев Мустафа хенал а хьалха араваьккхина набахтера. Шен Телеграм-каналехь бина цунах хаам Iаткъам бинчийн адвокато Сабинин Андрейс. "ТаIзарх вала аьтто хиллера цхьахволчу бехкевечун, полковник лаьттинчу Бековн, ша цомгуш ву аьлла, тоьшалаш а кечдина. Ткъа ФСБ-н белхахо Цороев хенал а хьалха маьршаваьккхина", - дийцина юристо. 2016-чу шарахь ницкъахоша йиттина вийра 50... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамеркан Iедалхой Нохчийчу кхайкхина Кадыровс

"Терек" СОБР-ан хьалханча а, "Север" батальонан командиран гIовс лаьттина Геремеев Руслан а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре бахарх комментарий йитина Нохчийчоьнан Iедалхоша. "Магнитский стенгахь ву, Нохчийчоь стенгахь ю? Стенна юзуш ю "Терек" Магнитскийх? - ца кхета Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. – "Терек" уггар а тоьллачех, дуьненчохь терроризмца а, экстремизмца а къийсам латточех дуккха а зеделларг а долуш ма ю. Нагахь санна, Iамеркехь лакхарчу тIегIанехь "Терек" а, Висмурадов Абузайд а вуьйцуш велахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Юьхьанцарчу классашкахь хьиджаб лелор дихкина Австрехь

Юьхьанцарчу классашкахь хьиджабаш лелор доьхкуш низам тIеэцна Австрин парламенто. Курц Себастьянан пачхьалкхан халкъан парти а, Австрин аьтто радикалан маршонан парти а тIетайна низаман проектна. Документ тIехь билгалдаккхарца, динан, йа идеологин корта хьулбен духар ду дихкинарг. Дехкар хьакхалуш дац жуьгтийн кипех а, берийн коьрта туьллучу сикхех а. Цара коьртара месаш къайла ца йоху. Австрин Iедалша кхоазза парламенте листа кховдийнера и низаман проект. Документна тIетайначу депутаташна хетарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамерко санкцеш тоьхна Висмурадовна а, Геремеевна а, "Терекна" а

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло бинчу хаамца, "Терек" СОБР-ан командир Висмурадов Абузайд ("Патриот") а, "Север" батальонан хиллачу хьалханчан гIовс Геремеев Руслан а "Магнитскийн" санкцийн тептаре ваьккхина. Ишта санкцеш хьакхаелла йоллу "Терек" батальонах а. Тептарехь билгалъяьккхинарг пхи цIе ю. Цул совнах, санкцеш юкъабахийтина: Карлов Геннадий а, лоьмар 7 йолчу колонин хилла хьаькам Коссиев Сергей а, Трикуля Елена а. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Висмурадовга а, парламентан спикере Даудов Мохьмаде а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *