Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2021
3
17
24

Новости за 05.01.2021

Radiomarsho.com 

Хамбиев – керлачу тIамехь, КадыровгIар – интернетехь, совдегар Каримов – таронашкахь

Нохчийчуьрчу депутата Хамбиев Мохьмада кхерамаш туьйсу гIалгIайн жигархочунна; Кадыровн гонан инстаграм-аккаунташ яржориг еза машен ло; Керимов Сулиманан хьал шарахь дебна 4,8 миллиард долларна

Radiomarsho.com 

Лаьмнашна ца тов локдаун

Германерчу Къилбаседа Рейн-Вестфалин федералан махка кIиранденна садаIа баьхкинчу нахе полицино доьхура пандемин хьелашкахь ларлуш хилар. Шайга цIахь совцар дехнехь а, бахархой хьаьлхина лаьмнашка – оцу бахьаница машенийн ковранаш лаьтта некъаш тIехь чекхйовла рагI ларъеш. Амма локдаун кхайкхийна ю Германехь.

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу депутата Хамбиев Мохьмада кхерамаш туьйсу гIалгIайн жигархочунна

Нохчийчоьнан Ичкерин министр а лаьттина, Оьрсийчоьнехьа ваьллачу, тахана Нохчийчохь парламентан депутат волчу Хамбиев Мохьмада кхерам тесна ГIалгIайчуьрчу юкъархочунна Султыгов Сираждинна ша инстаграмехула яржийначу видео чохь. "Тхо беной ду, лаххара а 10 эзар тIом бан а хууш, карахь герз а долуш нах бу тхан Iедалан белахашкахь. Ахь тхан паччахье къамел дина, ткъа иза тхан бено ву, оха ахь цуьнга динчу къамелах хьоьга жоп доьхур ду. …Хьо бIаьрса доцуш ву, хьуна хьайна тIехьа масса стаг ву а ца хаьа. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн гонан инстаграм-аккаунташ яржориг еза машен ло

12 миллион стаг язвелла йолчу шен агIонехула инстаграм-блогеро Литвин Михаила еза машен кхайкхийна ша гергарло мел лелочу нахаца «доттагIалла» тесначунна. Ткъа иза язвелла йолчу I37 аккаунташлахь итт сов ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу нехан, боху obzor.io ресурсо. Блогеро язбала нах кхойкхучу аккаунташлахь ю, масала, КадыровгIеран аккаунташ: Рамзанан зудчун Меднин а, воьIан Iелин а, йоьIан Iайшатан доларчу модин цIийнан а, уллера гаргарчу кхечийн а аккаунташ. Хьалхо хаам баьржира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани. ХIинца

ХIинца ХIинца хено суна хьоьху гIайгIа. ТIулг а баьлла хIинца-м тIулгах шек. Гина доцу хIумнаш суна гайтан Болабелла сан галбаьлла некъ. И сан кхане, хьалха санна, генахь Тийна Iуьллу, тIейиллина чан. Цхьаъ дан санна сецайо цо шегахь Ша соьгара дIаидийна хан. Дуьйцург довззал хили хIинца говза. Хилла дели ша хиндолу эхь. Денош- жовхIарш, дIасакхуьйсуш, ловзан Меттиг яц сан хIинца дуьнентIехь. Кхане ларъеш, дуьйлур дац дог тIома . Воккхавевеш гIиттор вац цо кхин . ЧIогIа кIаргди дахаро... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани. Нене

Нене Iуьйре ю. Юха а гIевтти нах, Лаьмнашца, аренца лепа малх. Юха а со дагавеана, Нана, хьан бIаьргаш тIундели, бах. Юха а, кIант дагавеана, Хьан кийрахь цIена дог дохдели, БIаьргаш а эсала лийпи хьан, Сатийсам бохбеш шайх цIе теси. Сатийсам бохбарна цу цIаро, Дей, буьйсий ца лоьруш, йиллина, Ахь тийна, ахь суна сагатдо, Хьайн йовхо сан новкъа хьаьрсина. И дуьйцуш дара, бах, зезагаш Сийна бай ловзучу тогIешкахь. И дуьйцуш дара, бах, можа гIаш Гуьйрене лестачу хьаннашкахь. И цхьа кIант... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани. Нана-мохк

Нана - мохк Туьйранехь дуьйцучех терра Хиш хьаьвди, бердаш гатделла. Аренца илли а аьлла, КIайн бIаьсте лаьмнашка яьлла. Юха а, буьйв - бохуш кIентий, ЦIенош деш, хьийзаш бу нохчий. И сурт ду даим гург суна Нана - мохк бевзича дуьйна. Иштта латийначу кхерчахь ЦIе алссам йовхо луш, йогу, ГIад доьдий, ага а техка, КIентий беш кхаьънаш а доху. Шен амалш гойту дуьненна , Кхуззара, болалой, махко. Со даим воккхавуьйш лелла Суо хиларх ломара нохчо. 1977 ш.

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани. Йовхо

Йовхо Маттана говзалла иэшна . Ирс долчча хьаьдда бах ирс. Дуьненчохь дагна ца хетта- кх Йовхонал боккханиг гIирс ?! Карийна бIаьргашна серло. Амма мел сирла и де Бодане хетало царна Хьан дагчохь гIелъелча цIе. Дуьненна къинтIера волу; Бицбо мел хилла цатам; Дахаро илли а олу Цо дагтIе баржийча тIам. И йовхо дагах а кхетта, Цхьа маьрша дели сан са. И дуьйцуш, денделла леста Сан ирсан кагделла га. 1977 ш.

Radiomarsho.com 

Нах идочу хьелашкахь лаьтта дахар. Нохчийчохь нах идорах дуьйцу оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос

Дахначу шарахь Нохчийчохь дуккха а нах идийра. Кху аьхка вайра Умаров        Мовсар, ткъа гурахь дийца даьккхира IADAT телеграм-каналан хилла модератор Тепсуркаев Мовсар варах. IАДАТАН информацица, шина баттахь, Лахьан-баттера схьа дуьйна, ницкъаллийн структурашкарчу наха Нохчийчохь лачкъийна вигира 132 стаг. Нохчийн Iедална резабоцурш ур-аттала Европехь а кхерамзаллехь бацара: Чиллан-баттахь вийра Францехь ютьюуб-блогер Алиев Iимран (Мансур Старый), Товбеца-баттахь тапча йиттина вийра, Венера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Керимов Сулиманан хьал шарахь дебна 4,8 миллиард долларна

Дайна шо пандемино лаьцна хиллехь а, боккха пайда бохьуш дирзина Оьрсийчуьрчу миллиардерашна. Массарел дукха хьал гудина 20120-яу шарахь бизнесхочо, Дагестанан сенатора Керимов Сулимана а, "Металлоинвест", "Мегафон" компанийн долахочо Усманов Алишера а, боху Новости агенталло. Оьрсийчоьнан бизнесхойн рейтингехь 15-гIачу меттехь волчу Керимовс шен хьал дебийна 4,82 миллиард долларе кхачош (цуьнан берриг а бахам бу 9,89 миллиард долларна). Bloomberg тептарахь болчу Оьрсийчуьрчу бизнесхойх кхоъ... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *